Байханова Месират

Байханова Месират йина 1961-чу шеран товбецан беттан 22-чу дийнахьхь,  Веданан кIоштарчу Даьрг1ахь.1969-чу шарахь деша йахана ДаьргIарчу йуккъерчу №2 ишколе. Кхиамца иза чекхйоккху 1980-чу шарахь. Цу шарахь балха хIутту ДаьргIарчу йуккъерчу № 1 йолчу ишколе пионер-вожатый.1987-чу шарахь деша йоьду Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан хьехархойн университете. Иза чекхйоккху 1993-чу шарахь.1987-чу шарахь дуьйна нохчийн мотт а, литература хьоьхуш болх бина ДаьргIарчу йуккъерчу № 1 ишколехь.2009-чу шарахь дуьйна схьайогIуш йу болх беш Баса-ГIаларчу  йуккъерчу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.Балха тIехь цо даима жигара дакъалоцу ницкъ кхочучу кепара, къовсадаларшкахь, секционни семинарехь урокашкахь йаларехь, доклад йешарехь, конференцехь, институташкахь хуьлучу семинаршкахь.2005-чу шарахь Веданан кIоштахь хьехархойн къовсамехь 2-гIа меттиг йаьккхина цо.2012-чу шарахь «Хаарийн бIов» цIе йолчу телевизионни передачехь цуьнан дешархоша 1-ра меттиг йаьккхира.2012-чу шарахь «Тоьлла нохчийн меттан а, литературин а хьехархо» цIе йолчу къовсамехь финалист хилла. 2015-чу шарахь йелира «Россин Федерацин йуккъерчу дешаран хьакъйолу белхахо» аьлла цIе йолу звани. ХIора шарахь дакъалоцу дешархой олимпиадашка кечбарца. Дешархойн а, цуьнан а кехатийн совгIаташ ду. Иштта кечбо цо къона хьехархой тайп-тайпанчу кьовсамашка бохуьйтуш.

Close
Яндекс.Метрика