АламангIера Сайд-Iелин Малика йина 1957-чу оханан беттан 4-чу дийнахь, Лениногорск-ГIалахь, Восточно-Казахски областехь. 1966-1976-чуй шерашкахь, Веданан №1 йолчу ишколехь дешна. 1976-чу шарахь, Нохчи-ГIалгIайн пачхьалкхан университете филологийн факультете деша хIоьттина. Оццу шарахь, Веданарчу №2 йолчу йуккъерчу ишколе балха хоlьттина нохчийн мотт а, литература а хоьхуш. ХIинца а, цигахь нохчийн мотт хьоьхуш йу, Малика. Цо хьехархочун болх бен 44 шо хан йу.
Дешархошна нохчийн мотт дика хьехарна, ненан матте болу безам совбоккхуш дIахьучу балхана, сийлаллин грамоташца совгIаташ дина цунна:
-НР-н хаамийн а, зорбанан а министерствон сийлаллин грамота 2007 шарахь.
-НР-н Президентан сийлаллин грамота 2007 шарахь.
-Сийлаллин грамота НР-н дешаран а, Iилманан а министерствон 2012 шарахь.
-Сийлаллин грамота РФ-н серлонан министерствон 2014 шарахь.
-Сийлаллин грамота НР-н Куьйгалхочун 2014 шарахь.
-2012 шарахь йелла «НР-н хьакъйолу хьехархо» цIе.
-2015-чу шарахь «Къинхьегамца билгалйаларна» сийлаллин билгалонан совгIат дина.
Лаккхара говзалла а, гIилкх-оьздангалла гайтарна а, дешархой кхетош-кхиорехь хьанал къахьегарна а, ишколан администрации а, дешархойн а, дай-нанойн а цIарах ларамца совгIат до.