Шахтиева Роза

Солт-Ахьмадан Роза, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йу. Йина 1968-чу шарахь Шелан кIоштан Курчалой- Эвла цIе йолчу йуьртахь. Оццу йуьртахь 1975-чу шарахь хьалхарчу классе деша а йахна. 1985-чу шарахь дикачу кхиамца чекхйаьккхина цо йуьртара №2 йолу ишкола. Цу шарахь, Лев Николаевич Толстойн цIарах йолчу, Нохч-ГIалгIайн университете деша йахна иза. 1990-чу шарахь университет чекхйаьккхина.
Соьлжа-ГIалара № 46-чу ишколехь, дуьххьара нохчийн мотт хьехар юкъадалийначу шарахь дуьйна, лахара классашкара, лакхара классашна тIекхаччалц, болх беш схьайеана и. Цо цигахь болх бо 1990-1997-чуй шерашкахь.1997-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу, Н.А.Назарбаевн цIарах йолчу, №1йолчу лицейхь болх бина а йу . 2017-чу шарахь , товбецан беттан I-чу дийнахь дуьйна, ПБЮХь №14 йолчу, хIинца МБЮХь №14 гимназехь болх беш схьайогIуш йу и.
Ша бечу балха тIехь баккхий кхиамаш а бу Шахтиева Розин. Цуьнан дешархоша 1-ра меттигаш йоху Iилманан- практически конференцешкахь, олимпиадашкахь, конкурсашкахь. Сийлаллин дипломашца , грамоташца билгалбаьхна бу цуьнан берийн белхаш.
И ша а йу тайп-тайпанчу хаарийн дуьнене кхочуш схьайогIуш. Розин толамаш билгалбаьхна:
Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхочо, Кадыров Рамзанан цIарах «Къинхьегаман башхаллин» медаль йаларца. Нохчийн Республикин Парламенто, Соьлжа-ГIалин мэран цIарах, Нохчийн Дешаран а, Iилманан а минестерствос, Россин Пачхьалкхан Дешаран а, Iилманан а министерствос, бераш кхетош- кхиорехь Сийлаллин грамоташ йаларца;
2008-чу шарахь «Тоьлла хьехархо» аьлла йолчу конкурсан толамхо. 

Close
Яндекс.Метрика