Мачигова (Тимиркаева) Луиза йина 1970-чу шеран товбецан беттан 15-чу дийнахь, Грозненски кIоштан Коьрте цIе йолчу йуьртахь. 1976-чу шарахь цу йуьртара йуккъерчу ишколе деша йоьду иза. 1987-чу шарахь кхиамца чекх а йоккху цо иза. 1988-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенин студентка хуьлу цунах. 1994-чу шарахь, нохчийн мотт а, литература а хьехаран говзалла кара а йерзош, чекхйоккху Луизас иза. 2008- чу шарахь дуьйна Дойкур-Эвларчу №1 йолчу йуккъерчу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш схьайог1уш йу, Мачигова Луиза. Шен ненан маттах дозалла деш волчух бен дика хьехархо хир вац. Нохчийн мотт дика хуучарех а, безачарех а йу иза. Боккхачу безамца дуьйцу цо шен дешархошна вайн маттах лаьцна, кIорггера болу цунах хаамаш вуно говза бовзуьйту, хIора дешархочун дог-ойла дуьйцучунна, хьоьхучунна тIехь латтош. Муьлхха а дешархочун кхетам, цуьнан дешарца йолу ойла айъа, тойан, сема латто хаьа цунна. Ша санна болчу хьехархошлахь ларам болуш хьехархо йу, Луиза. Цуьнан дешархоша Грозненски кIоштан йукъарадешаран ишколашкахь д1ахьош йолчу олимпиадашкахь хьалхара меттигаш йоху. Луизин дешархоша нохчийн маттах долу лаккхара хаарш гойтура вайн республикехь дIахьош хиллачу тайп-тайпанчу къовсадаларшкахь. Иштта, 2016-чу шеран х1утосург баттахь, цо хьоьхуш йолчу ишколан 10-11-чу классийн дешархоша хьалхара меттиг йаьккхира, «Хаарийн б1ов» ц1е йолчу къовсадаларан кхаа турехь.
«Даймохк» цIе йолчу газетан агIонаш тIехь, кест-кестта зорбане йуьйлу Луизин нохчийн маттах лаьцна йолу статьяш. 2016-чу шарахь «Резонанс» ц1е йолчу журналан 4-чу лоьмаран аг1онаш т1ехь зорбане йелира цуьнан, Эсхаджиев Якъубах лаьцна йолу статья — «Дойкур-Эвлара Iилманча, нохчийн къоман дозалла». 2020-чу шарахь «СтелаIад» ц1е йолчу берийн журналан хьалхарчу лоьмарехь зорбане йевлла, Луизас нохчийн мотт хьоьхуш йолчу 5-6-чу классийн дешархойн байташ. Иза а цуьнан белхан доккха жам1 ду.
2020-чу шеран бекарг баттахь, Россехь дIайаьхьначу «Язык предков» ц1е йолчу конкурсехь, Мачигова Луизин дешархоша 3-гIа меттиг йаьккхира. 2019- чу шарахь дIайеллачу Пачхьалкхан коьрта экзаменехь, 9-чу классийн дешархоша гайтира лаккхара хаарш.
2018-чу шарахь Луизин дешархочо, Темуркаева Хадиштас хьалхара меттиг йаьккхира «Тоьлла сочинени нохчийн маттахь» цIе йолчу къовсадаларшкахь. Оццу шарахь Грозненски кIоштана йукъайогIучу ишколашна йукъахь дIахьош йолчу «Тоьлла кабинет» конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхира цо. 2019-чу шеран чиллан беттан 21-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Пачхьалкхан тIетоьхначу корматаллин дешаран бюджетни хьекматехь, «Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхайаккхаран институтехь», Луизас йелира мастер-класс «Ненан маттахь, нохчийн маттах». Цуьнан белхан кхиамийн, цуьнан говзаллин лакхарчу тIегIанан тоьшалла деш йу дуккха а сийлаллин грамоташ а, дипломаш а. Уьш йу Нохчийн Республикин министерствон а, профсоюзан а, Грозненски кIоштан администрацин а, Грозненски кIоштан дешаран декъан цIарах а йелла.
Мачигова Луизас тIекхуьуш долу чкъор нохчийн матте безам кхуллуш, нохчийн мотт шайн дахаран къилба хила дезар Iамош ду. Цуьнан тоьшалла ду, Дойкур-Эвларчу №1 йолчу йуккъера йукъарадешаран арахецархой нохчийн меттан говзалла карайерзо Iалашо йолуш, Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран хьукматашка деша хIиттар.