Шамсудовой Луизы


ШамсудовгIеран Шамсин Луиза йина, 1966-чу шеран, кхолламан беттан 4-чу дийнахь, Соьлжа- ГIалахь.
1983-чу шарахь йахна йуьртарчу ишколе, хьалхарчу классе. 1993-чу шарахь йуккъера ишкола чекхйаьккхича, деша йахна, Орджоникидзера институте.
1998-чу шарахь чекхйаьккхина Соьлжа-ГIалара хьехархойн колледж «Хьалхарчу классийн хьехархо» хила бакъо йелла цигахь.
2012-чу шарахь чекхйаьккхина Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн институт. Цигахь нохчийн мотт а, литература а хьеха бакъо йелла.
2000-гIа шерашкахь Садови йуьртахь йолчу йуккъерчу ишколехь, берашна хьехна нохчийн мотт а, литература а.
2010- 2015 шершкахь болх бина, «Тамара» цIе йолчу Пролетарскера берийн бешахь.
2015-чу шарахь балха йахна цу йуьртарчу йуккъерчу ишколе, берашна нохчийн мотт а, литература а хьеха. Карарчу хенахь а цигахь болх беш йу.
Дуккха а шерашкахь бераш кхетош-кхиоран белхаш дарна а, шуьйрачу тIeгIантIехь нохчийн мотт а, литература а хьехарна а, Луизина йелла сийлаллин грамоташ.
2011-чу шарахь, кIoштарчу кхиархойн
къовсадаларшкахь толам беккхина цо.
Цу шарахь хиллачу «Кхиархойн шо» аьллачу къовсаман дипломан лауреат а йу, Луиза.
2019-чу шарахь, Нохчийн Республикин Правительствос баркаллин кехат а делла цунна.
2020-чу шарахь, кIоштан тIегIанехь нохчийн меттан хьехархошна йукъахь дIабаьхьначу къовсамехь шолгIа меттиг йеккхина, Луизас.
Иштта тайп-тайпана сийлаллин грамоташ йелла, цунна, шен белхан декхарш тIех дика довзарна а, кхочушдарна а.

Close
Яндекс.Метрика