Джабраилова Разет

Джабраилан Тапин Разет йина 1980-чу шеран хIутосург беттан 10-чу дийнахь.

Жима йолуш, денанас, Умулкурсума йезаш кхебира йоI. Баккхийчара хьоме лелайора и, амма дега а, нене а туьйсу са паргIата ца долура цуьнан.

Шен 7 шо кхаьчча ишколе деша йелира Разет. Дешнаш вовшахтаса ма Iемми, йоккхайерца йаздира цо, Казахстанехь белхаш беш лелачу дега а, нене а кехат. 4-чу классехь доьшуш йолуш, нанна лерина дешнаш могIанашка дерзийра йоIа. ЧIогIа цецйаьллера иза, 30-та шо сов хан йаьлча, телевизор чухула цу дешнех йаьккхина йиш, берийн цIийнехь долчу бераша дIалокхуш шена хезча.

Жимчохь суьрташ дахкар дукхадезаш йара Разет. Шайн мехкаршна дахарехь оьшуш йолу куьйган корматаллаш карайерзо луучу нанас Iамийра т1ейуху бедарш тега а, тIаргIа тайне берзо а, цунах муьлхха а бедар вовшахтаса а. Ткъа дена, Тапина лаара шайн доьзал динаца а, дешарца а хьалакхио. 11-та шо кхаьчча, Разет хьуьжаре Iаьрбойн йоза-дешар Iамо йахийтира. Воккхаверца ладоьгIура дас йоьIан кхиамашка.

Ишколехь 10 класс тIеман хенахь чекхйаьккхира Разета. Деша тесира Гуьмсера хьехархойн колледже. 2000-чу шарахь дешна йелира иза.

Цул тIаьхьа 2010-чу шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет.

2001-чу шарахь дуьйна Разет болх беш йу, Iалар-Эвлара №1 йолчу йуккъерчу ишколехь, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.

Шен йерриг а мукъа хан, Разета шен доьзалан хьашташ кхочушдарца йоккху. Йукъ-кара стихаш а, дийцарш а йаздо. Дакъалоцу, нохчийн маттана лерина йолчу конкурсашкахь.

Ша болх бечу ишколехь, цуьнан лерам бина сийлаллин грамоташца. Иштта нохчийн маттана а, хьехархошна а леринчу денца, Разета бераш кхетош-кхиорехь хьанала болх барна, делла совг1аташ а ду.

Close
Яндекс.Метрика