I класс урок №5I
Элп ы
Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
— ХIокху урокехь вайна девзар ду мукъа элп «ы». Iамор ду элп ы юкъадогIу дешнаш деша а, предложенеш еша.
Слайд (элп ы).
— Ала массара элп ы.
— Ы мукъа аз ду. Олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло ца хуьлу. Деха алало иза вайга.
— Нохчийн маттахь тIеэцначу дешнашкахь, фамилеш юккъехь бен ца яздо элп ы.
— Суьрташка а хьовсий, ала хIун го вайна кху тIехь.
Слайд: (суьрташ гойту)
Вышка, лыжаш, Грозный.
— Элп ы доккха хуьлуш дац, хIунда аьлча Ы элп хьалха яздеш дош дан дац.
— Элп ы могIанан бен хуьлуш дац.
— Кху текстера ы элпаца долу дешнаш схьа а яздеш, дешдакъошка декъий вай.
Слайд:
Вайн Даймохк.
— Грозный, Нохчийчоьнан коьрта шахьар.
Хаза а, хьалдолуш бу вайн Даймохк Нохчийчоь.
Лекха лаьмнаш, шера аренаш, чехка хиш, юькъа хьаннаш — дерриг а ду вайн махкахь.
Беркате ду вайн латта. Лаьтта бухара мехкадаьтта схьаузу вышканашю вайн махкахь.
Вайн Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах музей а ю кхузахь
Кестта лаьмнашкахь схьайоьллур йолуш ю лыжникурорт.
Слайд:
Грозный — Гроз-ный
вышканаш – выш-ка-наш
Кадыров – Ка-ды-ров
лыжни – лыж-ни
— ХIинца ы элп яздан Iемар ду вай.
Слайд:
Ы элп яздан дуьйлало вай, и яздеш сана. Лакхарчу могIанера хьайгахьа охьадаладе сиз. Лахарчу могIане охьакхачале хьаланехьа тIе а горгдеш, юха тIегоргде элпана юккъе кхаччалц. Юха могIане хьакха а ца луш, жима шад бийр бу вай. Цул тIаьхьа лакхарчу могIане кхаччалц хьалахьур ду вай сиз. ТIаккха куьг хьала а ца ойуш, сиз охьа а деана, лахарчу могIанера хьала горгдийр ду вай.
Хьоме дешархой хIокху урокехь шуна довзийтинарг оьрсийн маттера тIеэцначу дешнашкахь, фамилешкахь яздеш долу могIанан элп (Ы) дара. Элп ы вайна яздан а Iеми, иштта ы юкъахь долу дешнаш деша а Iеми.
ХIара урок кху тIехь ерзайо вай.
— Iодика йойла, марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
Абат. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Соьлжа-ГIала. АО «ИПК «Грозненский рабочий» -2016
Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 49
Хасаева Зара Кюровна.