Урок №37
Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам.
Мукъаза аз а, элп аЧIчI довзийтар, яздар
— Де дика дойла шун, бераш.
— Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо?
— Шу кийча делахь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— ДIаяханчу урокехь вайна муьлха аз а, элп а девзира?
Яханчу урокехь вайна девзира аз, элп Чч, тахана вай шуна довзуьйтур ду керла аз а, элп а.
Слайд:
Школе яха кечлуш йоIа,
Месех йира хаза…чIаба.
— Ала массара чIаба.
— Муьлха аз хеза вайна чIаба дашна хьалха?
Вайна хеза аз [чI].
— Тахана урокехь вай дуьйцур ду чIэлпах лаьцна.
— Муха аз ду чI? Мукъа ду я мукъаза ду? (мукъаза)
— Муха хиира вайна и мукъаза дуй?
(олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло хуьлуш,
гIовгIа бен ца хеза)
Слайд:
— Муха кхоллало чI элп?
ч+I=чI
Чхьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп чI.
ЧI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.
—-
— Бераш, ЧI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?
Слайд:
ЧI шалха элп ду.
—-
— ЧI элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?
— Яккха чIэлпан цIе. (чI чI)
— Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?
(олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу)
— Дуста: Ала элп ЧI, хIинца элп А.
[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду.
ЧI элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела чIмукъаза элп ду.
— Зорбанан элп ЧI чI довзуьйтур ду вай хIинца.
Слайд:
ЧI — хIара зорбанан доккха ЧI ду;
чI — хIара жима зорбанан чI ду.
—-
— ЧI элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд:
чIа чIо чIу чIи чIе
ачI очI учI ичI ечI
— Ткъа хIинца, чI элп юкъахь долуш, дешнаш деша хьовсур ду вай.
Слайд:
ЧIара (суьрташца гойту)
чIаба
чIуг
чIоб
чIегIардиг
— Даладе аз –чI — юкъахь долуш масалш.
Слайд:
ЧIуг чIениг чIегIаг чIаба чIегIардиг
— Тахана вай Iемар ду доккха а, могIанан а ЧI, чI яздан.
Слайд:
Йозанан элпаш гайтар:
ЧI – хIара йозанан доккха элп ду;
чI хIара могIанан элп ду.
— Муха кхоллалоЧI элп?
Ч хьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп ЧI.
ЧI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.
— Бераш, ЧI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?
ЧI шалха элп ду.
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
(жимачу могIан чу)
Слайд:
(Йозанан элп дилларан кеп анимацица гайтар)
— МогIанан элп чI яздо йозанан белхан могIан чохь.
Вай ма аллара, чI шина хьаьрках лаьтташ ду.
Слайд:
(Ч+I) — Ч хьалхара хьаьрк ду, I шолгIа хьаьрк ду.
И ши хьаьрк вовшах тесча кхоллало шалха элп чI.
— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.
— Цкъа хьалха хIаваэхь яздо вай элп чI.
(ХIинца кепана тIаьххье хIаваэхь язде чI)
Слайд:
ХIинца кепе а хьовсуш тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп чI.
ЧI элп доккха а, жима а хуьлу. Маца яздо вай доккха элп?
(Предложени йолош, долахь цIерашкахь а.)
Слайд:
(гойту доккха а, жима а йозанан элпаш ЧIчI)
— ХIовсал, бераш, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
— И ши элп вовшех къаьста барамца: доккха, жима яздарца.
— ХIинца вай яздийр ду доккха элп ЧI.
— Схеме хьовсуш вай дIаяздийр ду доккха йозанан элп ЧI.
Слайд: (анимацица гойту)
— Доккха элп ЧI яздо боккхачу могIанан юккъера. Хьалхара хьаьрк
доккха элп Ч ду, шолгIа хьаьрк могIанан элп I.
— И ши хьаьрк вовшах тесча кхоллало доккха элп ЧI.
-ХIинца вай яздийр ду чI юкъахь долуш дешдакъош а, дешнаш а.
Слайд:
ЧIа, чIу, чIе, чIи, чIо;
АчI, учI,ечI, ичI, очI;
-Бераш, чI юкъахь долуш дешнаш хьан далор дара?
Цхьана дешдекъах лаьттарш даладе;
Шина дешдекъах лаьттарш даладе;
Кхаа дешдекъах лаьттарш.
ХIинца вай Iамийнарг тIечIагIдеш, схьаязде чI юкъахь долу дешнаш:
чI элпана буха сиз хьакха.
Слайд:
ЧIаба, бад, чIуг, дог, чIу, чIениг, некъ, чIегIардиг, черчий.
Нийса жоп иштта хир ду:
ЧIаба, чIуг, чIу, чIениг, чIегIардиг.
— Бераш, хIетал-метал алий вай.
— Хьан эр дара хIун ю иза?
Слайд:
Когаш абац, тIемаш ду,
хьоза сана бодуш бац? (чIара)
— Маса дешдекъах лаьтташ ду и дош?
— Муьлха ду хьалхара дешдакъа? (чIа)
— ШолгIа дешдакъа? (ра)
— Муьлхачу аьзнех лаьтта хьалхара дешдакъа? (чI,а)
— ШолгIа дешдакъа? (р,а)
— ХIинца и дош уьн тIехь хьан яздийр дара?
— Тетрадаш тIе дIаяздийр ду вай и дош.
И дош юкъахь предложени хьан хIоттор яра?
Слайд:
Мусас чIара лецира.
— Маса дашах лаьтта вайн предложени? (Кхаа дашах)
Слайд:
Хьалхара дош- Мусас
ШолгIа дош- чIара
КхоалгIа дош- лецира
— Предложени муьлхачу элпаца язйо? (доккхачу элпаца)
— Предложенин чаккхенга хIун юьллу? (тIадам)
— Предложенин дешнаш муха яздо? (къаьстина)
— Схьаязъе предложени.
Слайд:
Мусас чIара лецира.
(чI — юкъахь долчу дашна кIел сиз хьакха)
— Бераш, вай тахана муьлха элп яздан Iамийра? (могIанан а, доккха а элп чI ЧI
— Муьлха элп ду и? (шалха элп ду)
— Шалха элп хIунда ду и? (шина хьаьрках лаьтташ долу дела)
— Муьлха аз ду и? (мукъаза)
— ХIунда ду и мукъаза? (олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло хуьлуш, гIовгIа бен ца хеза дела)
Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.
Шун Iодика йойла. Марша Iойла.