1 класс УРОК №36 БУКВА Ч

Урок №36

«Мукъаза къора аз а, элп а Ч ч довзийтар, яздар.».

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай юха а дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— ХIокху урокехь вайна девзар ду мукъаза къора аз а, элп а Чч;

Iемар ду элп ч юкъадогIу дешдакъош, дешнаш, предложенеш еша а, яздан а.

— ЦIерпошт дIа муха йолало? (чу-чу-чу-чу)

Нийса боху, цIерпошт йолало — чу-чу-чу-чу.

— ХIеталметалш хаийла шуна:

«БIуу» боху бугIа яц, латта охку хьакха а яц? (Чхьаьвриг)

Слайд:

— Нийса ду — иза чхьаьвриг ю;

— Экха а дац, хьоза а дац, тIемашца гloттy, ю а Iутту? (Чуьрк)

Слайд:

Нийса боху — иза чуьрк ю.

— Чуьрк, чхьаьвриг — дешнашкахь юьххьехь хеза аз (Ч).

Аз[ч] билгалдо Чч элпаца.

— ХIинца вайна девзар ду зорбанан доккха а, жима а элп Чч.

Слайд:

Ч — хIара зорбанан доккха элп Ч ду;

ч — хIара зорбанан жима элп ч ду.

Хьовсур ду вай стенах тера ду элп Ч.

Слайд:

Ч  

— Шу бакъ ма ду,

Дера ду:

Ч деаннах тера ду.

Вайн элпаш а, терахьаш

Иэ ма делаш, варийлаш.

– ХIинца ч юкъахь дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

чачочучиче
ачочучичеч

— Элп ч юкъахь дешнаш деша хьовсий вай?

Слайд:

чабох-чале-чачов-ка
чамнех-чаломча-да
ах-чама-чачархчил-ла

— ХIо суьрте а хьовсий хIоттае предложени.

— Ча хьуьнан экха ду. Нийса боху:

— ХIокху предложенехь диъ  дош ду:

I-ра дош- Ча;

2-гIа дош-хьуьнан;

3-гIа  дош-экха;

4-гIа дош-ду.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан Чч яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

хIара йозанан доккха элп ду;

могIанан элп ду.

-Вай хьовсур ду муха яздо могIанан элп ч.

Слайд: (анимацица могIанан элп дилларан схема гайтар)

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIане кхачале кхоалгIа дакъа дисинчохь, хьалавоьду билгалонна деллачу сизе терра лакхарчу белхан могIанна  тIе кхаччалц, кхузахь хьаьвзина сиз дуьллу. ОхьавогIу билгалонна деллачу сизе терра белхан могIане кхаччалц. Кхузахь техкарг юьллу, цу тIера тасалург юьллу.

Цкъа хьалха хIаваэхь яздо вай, цул тIаьхьа тетрадаш тIе дIаяздо.

Ч элп доккха а, жима а хуьлу.

— Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а

 (Анимацица гойту доккха йозана элп яздаран кеп)

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе, билгалонна деллачу сизе терра гу буьллу, охьавогIу  лакхарчу белхан могIанна тIе, юха а хьала а воьдуш гу буьллу. ОхьавогIу лечкъарг тIехула. Лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу , цу тIера дIа  тасалуриг юьллу

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Ч.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элпЧ. 

Слайд: анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар.

Вай яздийр ду ч юкъахь долуш дешдакъош.

ча     чо     чу    чи    че     

ач      оч    уч     ич    еч     

Дешнаш схьаязде:                                                                                                     

Слайд:

ча чам бохча нехча мача ахча

Слайд:

-ХIара хIун ю? (коч)

Нийса боху. Оцу дашца предложени хIоттае, дIаязъе.

Нанас суна хаза коч ийцира.

— Тахана вайна девзи керла аз а, элп а Чч,                                       

иштта и элп яздан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Iодика йойла шун. Марша Iойла.

Соьлжа-гIалара лоьмар №8 йолчу

Юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Хожаева Эсет Усмановна

Close
Яндекс.Метрика