1 класс УРОК №38 БУКВА Т1

Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам.

Урок — 38.

Мукъаза аз а, элп аТI тI довзийтар, яздар.

— Де дика дойла шун, бераш.

— Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо?

— Шу кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— ДIаяханчу урокехь вайна муьлха аз а, элп а девзира?

Вайна девзира аз, элп ЧI чI, тахана суна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.

ХIетал-метал хаийла шуна:

Слайд:

— Массара а схьаийзошшехь оьгIаз цайоьдург?

Массара а схьаийзошшехь оьгIаз цайоьдург, шу кхеттехь неIаран тIам бу (сурт гойту)

— Ала массара тIам.

— Муьлха аз хеза вайна тIам дашна хьалха?

Вайна хеза аз [тI].

— Тахана урокехь вай дуьйцур ду ТI элпах лаьцна.

ТIам и хIун ю? Стенан хуьлу тIам?

Слайд:

(неIаран, котаман тIоман суьрташ гайта)

Слайд:

— Муха кхоллало ТI элп?

Т+I=тI

Т хьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп ТI.

ТI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

—-

Бераш, ТI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?

Слайд:

ТI шалха элп ду.

—-

I элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?

-Яккха ТI элпан цIе. (тI тI)

— Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?

(олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу)

— Дуста: Ала элп ТI, хIинца элп У.

[У] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду.

ТI элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела ТI мукъаза элп ду.

— Зорбанан элп ТI тI довзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

ТI хIара зорбанан доккха ТI ду;

тI хIара жима зорбанан тI ду.

—-

— ТI элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

тIа тIо тIу тIи тIе

атI утI итI етI

— Ткъа хIинца, тI элп юкъахь долуш, дешнаш деша хьовсур ду вай

Слайд:

ТIам тIом тIум тIай тIус тIаус тIулг тIорказ тIаргIа

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а ТI тI яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

ТI хIара йозанан доккха элп ду;

тI могIанан элп ду.

— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп тI яздо йозанан белхан могIан чохь.

 Слайд:

 (т) – хьалхара хьаьрк    ду,

I — шолгIа хьаьрк ду. И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп тI.

-ХIинца и элп яздан Iемар ду вай. Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп тI.

Слайд: (анимацица гойту)

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе. ОхьавогIу билгалонна хьаькхначу сизе терра лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш хьалавоьду, лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале гу буьллу. Гу тIера чувогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Лечкъарга тIехула хьалавоьду , лакхарчу белхан могIанна  тIе кхачале гу буьллу, чувогIу. Кхузахь юьллу техкарг, цунна тIера дIа тасалург. Цу тIера хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале аьрру агIор хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе. Кхузахь шаьш яздинчу сизана тIера дIа чIара буьллу.

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп тI.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп тI. 

ТIэлп доккха а, жима а хуьлу.

-Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а

Слайд:

гойту доккха а, могIанан а элпаш ТI тI.

—-

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп ТI.

— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп ТI.

Слайд анимацица гайтар:

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе. ОхьавогIу билгалонна хьаькхначу сизе терра лахарчу белхан могIанна  тIе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш хьалавоьду, лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале гу буьллу. Гу тIера чувогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Лечкъарга тIехула хьалавоьду, лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале гу буьллу, чу вогIу . Кхузахь юьллу техкарг, цунна тIера дIа тасалург. Цу тIера хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале аьрру агIор хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе. Кхузахь шаьш яздинчу сизана тIера дIа чIара буьллу.

Слайд: анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар.

Вай яздийр ду тI юкъахь долуш дешдакъош.

тIа тIу тIо тIи тIе тIа тIо тIу тIи тIе

атI утI отI итI етI атI отI утI итI етI

— Бераш, шуна девзий тI элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.                        

Слайд:

ТIам, тIорказ, тIай, тIулг, тIо, тIаус, тIус, тIаргIа, тIум

— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай:     

Слайд:

  1. ТIор-каз, тIа-ус, тIар-гIа

Лакхахь вай яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени язъе

Слайд:

1. Тхана бабас тIаргIа хьаьвзира.

2. Воккхачу стага тIулг юьстах баьккхира.

3. Ас нанна тIамарш йохуш гIо дира.

Шайна юкъахь тI элп долу дешнашна буха сиз хьакха.

Слайд:

Нийса жоп.

I. Тхана бабас тIаргIа хьаьвзира.

2. Воккхачу стага тIулг юьстах баьккхира.

3. Ас нанна тIамарш йохуш гIо дира.

Слайд:

— Бераш, хIора дашехь цхьацца элп бен ца хуьйцуш, керла дешнаш кхоллалур дарий шуьга? Масала, тай, бай, гай, лай, вай.

тIай, тIа…

Слайд:

тIай

тIам

тIом

тIум

тIус

тIаус

ХIора керла дош яздеш цхьа элп хийцина.

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп аТI тI, иштта иэлп яздан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика