ШИРА ДИЙЦАР

Ден весет

Цхьана ден ворхl кlант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас кхайкхина и ворхle a кlант тlе а валийна, цаьрга аьлла:
— Ворхlе а ваха а гlой, цхьацца сара а баьхьаш, чувола, аса со валале цхьа весет дийр ду шуьга!
Цхьацца сара а бахьаш, чубаьхкина кlентий.
Дас аьлла:
— И ворхlе а сара вовшах а тохий, тlийриг а хьарчаяй, цхьаъ бе.
Цо ма-аллара и ворхle а сара цхьаъ болуш санна дlахlоттийна кlенташа.
Дас воккхахволчу кlанте аьлла:
— Схьаэцал, кlант, уьш кагдаг хьажал.
Цу ворхl серах хилла гlаж, гоьл тlе а теlош, кагъян гlертарх, ца кагъелла кlанте.
Цуьнга санна вукху вежаршка аьлла. Цаьрга а, цхьаьнгге а ца кегделла серий.
Тlаккха аьлла дас:
— И хlора сара къаста а бай, ша-ша а баккхий, хьовсал шайга уьш кеглой.
Цо ма-баххара, уьш хьовса а хьаьвсина, массара а и серий кегдина.
Дас тlаккха шен кlенташка аьлла:
— Хьовсал, сан кlентий, и аша цхьаьна вовшахтоьхна ворхl сара санна шу цхьаьна, бертахь, вовшийн гlо деш хилахь, шух аддам а кхаьрдар дац, амма шу вовшахдовлахь, наха шу а лорур дац.

Close
Яндекс.Метрика