ЗАБАРЕ ДИЙЦАР:



Къечу цхьана вахархочуьнца мелла а дов долуш хилла Зауровгlара хатта дезаш. Оцу девнан да веана Зауров волчу, итт туьма ахча а дахьаш, Нур-Мохьмада ваийтина ша, ахь гlуллакх дийр ду аьлла. Зауров ирхъиккхина:
— И бохург хlун ду? Итт туьма кховдадо суьдхочуьнга! — аьлла.
— Кхин сан дан-м дац, хlара а Нур-Мохьмада шегара делла ду-кх соьга, хьоьга ло аьлла. Делахь со-м дlавоьду, — аьлла, неlарехьа дlаволавелла девнан да.
Тlаккха, мохь а тоьхна, Зауровс аьлла:
— Вухаверзал, кхин эхь а ца хеташ, и итт туьма а эцна, дlаваха воллар-кх хьо!

Close
Яндекс.Метрика