Нохчийн мотт.
3 класс.
Урок №31
Урокан цIе: Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.
— Маршалла ду шуьга,хьоме дешархой!
— Вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Бераш, вайна девзар ду лааме а, лаамаза а билгалдешнаш. Iемар ду уьш вовшех къасто.
— Дешнаш дIа а деший, ала хIун хаттарш хIиттор дара вай царна.
Слайд:
Воккха стаг воккханиг
Можа йовлакх можаниг
Лекха лам лекханиг
— Уьш билгалдешнаш ду. Церан хаттарш ду: муха? муханиг?
— Билгалдешнаш хуьлу ламе а, лаамаза.
— Лаамазчу билгалдашо муха, мухачу хаттаршна жоп ло.
— Иза цIердешнашца лела: цIен байракх, бехачу ураме.
— Дешнаш дIа а деший, схьаязде лаамаза билгалдешнаш.
Слайд:
Жима кIант – жиманиг, хаза туьйра – хазаниг, сийна буц – сийнаниг, можа хьоза – можаниг, лекха лам – лекханиг, дика кIант – диканиг.
Слайд:
Нийса иштта хир ду:
жима кIант
хаза туьйра
сийна буц
можа хьоза
лекха лам
дика кIант
— Билгалдешнаш, вай ма-аллара лаамаза а, лааме а хуьлу.
— Лаамечу билгалдашо муханиг? хаттарна жоп ло.
Иза ша лела: хазаниг, диканиг.
— Схьаязде: лаамаза билгалдешнаш цхьана бIогIамалге, лааменаш — шолгIачу бIогIамалге.
Слайд:
Жима эса, горга буьрка, диканиг, месала куй, къораниг, чIогIаниг, хьоме хьаша, дашониг, стомманиг, шира илли, къена хьун, сийнаниг.
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Жима эса диканиг
горга буьрка къораниг
месала куй чIогIаниг
хьоме хьаша дашониг
шира илли стомманиг
къена хьун сийнаниг
— Лаамазчу билгалдешнех лааменаш а деш дIаязде.
— Тидам бе лааме билгалдешнийн кхолладаларан?
Слайд:
Хаза бIаьсте —
Тийна суьйре —
Сирла буьйса —
Сийна стигал —
Шийла шовда —
Баьццара бай —
Хьоме юрт —
Мерза Iаж —
Слайд: Нийса иштта хир ду:
хазаниг
тийнаниг
сирланиг
сийнаниг
шийланиг
баьццарниг
хьомениг
мерзаниг
— Муха кхоллало лааме билгалдешнаш?
Слайд:
Лааме билгалдош кхоллало лаамазчу билгалдашна тIе суффикс -ниг — кхетарца.
— Лаамаза билгалдош цIердашца цхьаьна хуьлу, иза цIердош долчу дожарехь, терахьехь хуьлу.
-ХIокху цIердешнашца догIу билгалдешнаш даладе.
Лаамазчу билгалдешнех лааменаш де.
Слайд:
КIалд-
Iаж-
Малх-
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
КIалд — дуьра, теза, шира; дуьраниг, тезаниг, шираниг;
Iаж — мерза, муьста, сийна; мерзаниг, муьстаниг, сийнаниг;
Малх — бовха, сирла, дашо. бовханиг, сирланиг, дашониг.
— ХIетал-метал хаийла шуна:
Мохал чехканиг?
Воккхачу дадин доьхка.
— ХIокху хIетал-металшкарчу билгалдешнашна кIел сиз хьакха.
Слайд: Нийса иштта хир ду:
Мохал чехканиг? — БIаьрг
Воккхачу дадин доьхка? — ТIай
— Хьоме дешархой, тахана вай дийци лаамаза а, лааме а билгалдешнех лаьцна.
— Iеми лаамазчу билгалдешнех лааменаш кхолла а, къасто а.
— Цу тIехь вайн таханлера урок ерзор ю.
Iодика йойла! Марша Iойла!