Рашидов Шаид 1940-чу
шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид
стихаш язъян волавелла 6-чу классехь доьшуш волуш. Дуьххьара нохчийн маттахь
язйина стихотворени Мамакаев Мохьмадна гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера
стихотворени зорбане елира 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш
ду цуьнан стихаш т1ехь язйина. Дуьххьарлера д1ааьлла илли ду
«Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли
д1аэлира Магомедов Султана.
Дуккха а ладог1архошна
дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь
даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча
сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна
воьду со»…
Рашидов Шах1ид тахана а
к1ад ца луш, къахьоьгуш схьавог1у.