Окуев Шима
вина 1937 – чу шарахь Соьлжа – г1алахь.
Цуьнан ворх1 шо дацара,
нохчийн халкъ шийлачу 1ай Даймахках даьккхина,
Юккъерчу Азе дахийтинчу хенахь. Шимин доьзал
Казахстане кхечира. Цигахь цо чекхъяьккхира
юккъера школа.
Кхойтта шо даьккхина нохчийн
халкъ ц1адирзича, Шимин таро хилира Нохч –
Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институте деша
ваха.
1962 – чу шарахь институт
чекхъяьккхина Шуьйта районан «Ленинец» газетан
редакцехь редактор балха х1оьттира.
Поэтан Окуев Шимин дахарехь
дуккха а стихин, прозин сборникаш зорбане евлла
нохчийн, оьрсийн меттанашкахь: «Сан Шуьйта», «Лай т1ехь
ц1ен зезагаш» — роман, «Т1аьххьара верас», «Чорийн забарш».
Окуев Шима кхелхина 1986 –
чу шарахь.