Музаев Нурдин

Музаев Нурдин Джамалдинович — поэт, прозаик, драматург вина 1913 шеран 15 октябрехь Шелан районерчу БелгIатой-эвлахь  ахархочун Джамалдинан доьзалехь. Шайн юьртахь дIадахана хинволчу яздархочун бералла.  Жимчохь кIанта дукха ладийгIина денанас Бецис шена дуьйцуш хиллачу туьйранашка. «Жоьра-Бабин кIант», «Саьрмак эшийнарг», «Соскин Солса», кхидолу а денанс дийцина туьйранаш воккхахилча а дагахь лаьттина цунна. 
Музаев Нурдин 1929-чу шарахь Грозненски рабфаке деша вахна.  Кхузахь цунна езаелира оьрсийн литература, лерина йоьшура оьрсийн классикийн а, шен хенахьлерчу яздархойн а произведенеш. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхуьуш йогIу. Драматургехь а болх бан волало Музаев Нурдин. 1934-чу шарахь зорбатуху цуьнан «Вайн заманан заза» цIе йолу пьеса. Нохчийчоьнан юьртабахаман гIуллакхашна лерина яра пьеса. 1936-чу шарахь арайолу Музаев Нурдинан «Сан некъ» цIе йолу стихийн керла сборник. Оцу муьрехь язйина цо «Ирзехь» цIе йолу поэма а. 1957 шарахь Казахстанехь араяьлла Музаев Нурдинан «Замза» повесть а, «Селима дуьйцу» цIе йолу йоккха поэма а. Музаев Нурдинан произведенешка тайп-тайпана хьежамаш бара критикин а, ешархойн а, амма шеко йоцуш цхьаъ ду, нохчийн литературехь массо а жанрашкахь язйина дуккха а прпоизведенеш йитина яздархочо.
Музаев Нурдин кхелхина 1983 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан кхоллараллин некъ къоман литература, исбаьхьаллин культура кхиарца цхьаьна беана.

Close
Яндекс.Метрика