Мамакаев 1аьрби

МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958)
Мамакаев Iаьрби вина 1918-чу шеран 2-чу декабрехь Теркайистерчу Лаха-Неврехь халкъан хьехархочун Шамсуддинан  доьзалехь. Iаьрбин да Шамсуддин дикка дешна хилла. Цо чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара ламанхойн школа, цул тIаьхьа Тифлисехь хьехархойн семинари а. ШамсуддингIеран хIусамехь дуккха а книгаш хилла. Жимчохь Iемина Iаьрбина деша а, яздан а. Берахь дуьйна книгашца уьйр йолуш кхиъна кIант. Граждански тIамехь партизанийн тобанан коьртехь а волуш, бIаьхаллин хьуьнарш гайтина цо. Амма 1921-чу шарахь, тешнабехкаца кIело а йина, вийна Шамсуддин а, цуьнан ваша Юсуп а. Царах лаьцна Iаьрбис тIаьхьа яздийр ду шен поэтически произведенешкахь «21-чу шеран 13 сентябрь», «Ден коша тIехь», «Партизанийн илли» и. дI. кх. Мамакаев Iаьрбин литературе йолу шовкъаш, цуьнан поэтически похIма дарехь гучудаьлла рабфакехь доьшучу хенахь. Мамакаев Iаьрбин поэтически кхолларалла дIайолаелла лору 1934-чу шарахь «Кхиам» цIе йолчу литературно-исбаьхьаллин альманаха тIехь «Рабфак» боху стихотворени зорбатохарца. ХIетахь араевлла цуьнан «1-ра май», «Хорбаз», кхийолу стихотворенеш а. Шен тоьлашха йолчу произведенешна Iаьрбис зорба туьйхира 1940-чу шарахь араяьллачу «Теркан тулгIе» цIе йолчу книги тIехь. Поэтан кхоллараллин корматалла кхоччуш кхиина хилар гайтира оцу книги тIерачу произведенеша. Царна юкъахь яра «АслагIий, Селехьаттий» цIе йолу поэма. Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу произведенеш ю: лирически миниатюраш, сюжет йолу яккхий стихотворенеш, поэмаш, дийцарш, повесть, очерк, пьесаш. Делахь а поэтан кхолларалла коьрта долчу декъана лирически жанрашкахь кхиъна. Цуьнан дуккха а стихотворенеш эшаршка ерзийна.

Close
Яндекс.Метрика