Мамакаев Мохьмад нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910-шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартант1ехь. 1927-1930-чуй шерашкахь цо чекхъяьккхира Москвара Малхбале къинхьегамхойн Коммунистически университет а, Лаккхара литературин курсаш а. 1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлжа-ГIаларчу набахте. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь воллушехь, кхоллараллин болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955–1958-чуй шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан аг1онаш т1ехь зорбане евлира Мамакаев Мохьмадан къилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц «Орга» альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмадан дахаран некъ хедира 1973-чу шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.