Айсханов Шамсуддин

Айсханов Шамсуддин Катаевич вина 1907-чу шарахь Теркайистерачу Лаха-Неврехь. Йоза-дешар халкъа юкъа даржоран некъ юьхьарлецира ша хьалакхиъча Шамсуддис. 1925-чу шарахь дуьйна цхьана муьрехь комсомолехь болх бира цо. Айсханов Шамсуддис шен литературни кхолларалла йолаялар 1931 -чу шарера дуьйна схьа лорура. 1931-чу шарахь «КIайн котам» цIе йолу дийцар яздира Айсхановс. Оццу шарахь язйина ю «Хьава» цIе йолу поэма а. 1931- чу шеран октябрь баттахь поэта язйира «Зуда-ламанхо» цIе йолу стихотворени. Иза юьхьанца газетан агIонаш тIехь араелира, 1934-чу шарахь поэтан хаьржинчу стихотворенийн сборник тIе а туьйхира. Цул тIаьхьа автора мелла а болх бина оцу произведенин чулацам тIехь, цуьнан социальни маьIна кIаргдеш а, исбаьхьаллин форма кхин а шаръеш а. Тойинчул тIаьхьа «Хьава» боху, керла цIе а тиллина, поэма аьлла, жанр билгал а яьккхина, цунна зорбатоьхна «Бригадхо веза» цIе йолчу керлачу сборник тIехь. 1933-чу шарахь, совпартшкола чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Айсхановс машино-тракторнин станцин политотделан газетан редакцехь болх бо. Iаламат хала а, жоьпаллин а болх бара иза. 1933-чу шарахь масех произведени арахийцира Айсхановс,. Царна юкъахь яра «Вай доьшур ду» боху , 8 суьртах лаьтташ йолу пьеса, «Мало-хало» цIе йолу дийцар, «ХIайттархойн бригада» аьлла , очерк. Зорбанера араделира хьалха яздина долу «КIайн котам» ц1е йолу дийцар. Нохчийн, гIалгIайн поэтийн произведенийн сборник дуьххьара оьрсийн маттахь Москвахь араялар а Айсханов Шамсуддинан цIарца дозаделла дара. Иштта, 1935 шарахь Москвахь оьрсийн маттахь зорбатуьйхира Айсхановс хIоттийначу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу поэтически сборникна. Яздархочо даим а терго йина нохчийн школашкахь дешаран хьелаш тодаран. 1935 шарахь зорбатоьхна цо хIоттийна «Дешаран книга». Айсханов Шамсуддин Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитетан председатель волчуьра лаьцна чувоьллина 1937 -чу шеран 31 октябрехь,цул тIаьхьа кхин ара ца валийтина. Банний а бехк боцуш, 1938 шеран 11 мартехь Iуьйранна 5 сахьт долучу хенахь тоьпаш тоьхна яздархочунна.

Close