4 класс. Урок №21 «Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар».

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар  (легар).

-Хьоме дешархой, марша дог1ийла шу массо а. Дешарна а, кхетам лакхабаккхарна а т1е ойла яхийтина, керлачу хааршка аш сатесна хиларх тешна ю со. Цундела вай шуьца д1айолор ю вайн рог1ера нохчийн меттан урок.

-Бераш , вай  тахана дуьйцур ду билгалдешан легарех лаьцна. Шуна хуур ду билгалдешан маса легар ду. Муьлха билгалдешнаш дог1у  х1ора легарна чу, евзар ю легарийн башхаллаш.

-Билгалдешнийн ши легар ду.

Хьалхарчу легарна чудог1у муха ? бохучу хаттара жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш. Хьалхарчу легарна чудог1учу билгалдешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь лач дожаршкахь чаккхе –чу хуьлу.

Слайд:

Ц1. Можа цициг

Дл. можачу цициган

Л. можачу цицигна

Др. можачу цициго

К.можачу цицигца

Х. можачу цицигах

М. можачу цициге

Дс. можачу цицигал

 -Х1инца д1айоьшур ю вай предложени.

Слайд:

 Йовхачу ц1аре  хьуьйсура бераш. 

Къастор ду билгалдешнийн дожар.  

Слайд:

-Хьуьйсура (стенга?)  ц1аре,

— (муьлхачу?) йовхачу -меттигниг дожар.

-Билгалдешан дожар муха къасто деза?

— Цуьнца уьйр йолу дош муьлхачу дожарехь ду хаа деза .

Слайд:

 Билгалдош шеца уьйр лелош долу дош долччу дожарехь хуьлу.

-Шолг1ачу легарна чу дог1у муханиг ? бохучу хаттарна жоп луш долу лааме билгалдешнаш.

-Церан чаккхенаш 4-чу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна хуьлу.

Слайд:

Ц1.Дешархо               диканиг

Дл. дешархочун         дикачун

Л. дешархочунна       дикачунна

Др. дешархочо            дикачо

К. дешархочуьнга      дикачуьнца

Х. дешархочух            дикачух

М. дешархочуьнга     дикачуьнга

Дс. дешархочул          дикачул

-Вайна билгалдели билгадешнийн легарийн чаккхенаш муха хуьлу.

-Х1инца хаарш т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочуш дийр ду вай.

— Билгалдаха лааме билгалдешнаш. Къастаде церан легар.

Слайд:

             Даймохк, хьоьх къаьстича

             Вахар а оьшуш дац.

            Цхьана хьоца деанарг бен

            Кхин ирс со лоьхуш вац.

            Сан велар, сан велхар

            Дерриг а хьоьца ду.

           Сийлахьниг, хьомениг

           Хьол сов кхин доцуш ву.

                                        (Арсанукаев Ш)

Слайд: нийса иштта хир ду:

 Сийлахьниг, хьомениг-лааме билгалдешнаш ду.

Уьш шолг1ачу легарна чу дог1у.

-Х1инца хаарш т1еч1аг1деш кхин а цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду вай.

Билгалдешнийн дожар а , легар а билгалде.

Слайд:

Хазачу б1аьстенал юьзна гуьйре тоьлу. Хьомечу лаьтто шеран муьлххачу хенахь а шен хазаллица дог деладо. Даима дика ду хьоме латта. Даймехкан некъаш,мел дукха хьомениг ду шуьца.  Хаза шерша стиглахь

дашо мархаш.

Слайд:Нийса жоп.

Хазачу б1аьстенал-(дустург дожар, хьалхара легар),

хьомечу лаьтто(дийриг дожар, 1-ра легар),

хьоме  латта(Ц1.д., 1-ра легар )

хьомениг (Ц1.д.2-г1а легар),

дашо мархаш(Ц1.д., 1- ра легар)

-Х1окху урокехь вайна девзи билгалдешнийн легарш, уьш нийса къасторан некъаш.

-Дала   аьтто  бойла  шу! Олуш  ду, шен  бийца  мотт а, мохк  а  боцург  къам дац. Цундела   хаддаза   къахьега  деза  вай  вешан  мотт  кхиорехь. Оцу  хьаналчу къинхьегамо  кхачор  ду  вай  дуьненан сийлаллин дарже.

    Хьоме бераш. Кху  т1ехь  чекхйолу вайн таханлера урок.            

                       1одика йойла шун!         Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература:

1. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 4  класс

 -Соьлжа-г1ала:  АО «ИПК « Грозненский рабочий» -2016

2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис                                    Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник                          Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985

3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо

4.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала  2012  шо.

5..З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство».

Close
Яндекс.Метрика