Урок №55 Дацаран дакъалг «ца» ц1ердешнашца нийсаяздар.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вайн урокан тема ю: Дацаран дакъалг «ца» ц1ердешнашца нийсаяздар .
Ойла йича, дацаран дакъалг «ца» вайн къамела юкъа сих-сиха  даладо вай. 
Цо цхьацца г1уллакхаш дан цалаар а, реза ца хилар а, цахаар а гайта г1одо дуьйцуш волчунна.
Масала: 
ца хаьа 
ца дуьйцу 
ца мега 
ца вахна 
ца ешна 
ца хеза.
Вай далийначу масалшка а хьовсий, дагадаийта, х1ун хаьа шуна оцу «ца» дакъалгах лаьцна.
«Ца» дацаран дакъалг ду. Дукхахьолахь, иза хандешнашна хьалхахь нисло, цаьрца  даима къаьстина а яздо.
Ткъа х1инца вай хьовсур ду, х1ун хуьлу, нагахь дацаран дакъалг «ца» ц1ердешнашна  хьалхахь нислахь. 
Шина б1ог1амалге д1аяздинчу  ц1ердешнийн тидам а беш,  царна юккъахь х1ун башхо ю хьовсур ду вай.
Там      цатам
лаам    цалаам
безам    цабезам 
тешам    цатешам 
лерам    цалерам
Шолг1ачу б1ог1амалгера ц1ердешнаш  хьалхара б1ог1амалгерчу ц1ердешнех  кхолладелла ду, дешхьалхе ца- т1е а кхеташ. Цо дешнашна керла маь1на делла.
Дацаран дакъалг «ца» ц1ердешнашца даима цхьаьна яздо, х1унда аьлча цо ц1ердашна керла маь1на ло, ша цуьнан дешхьалхе хиларе терра. 
Х1окху урокан тема т1е а ч1аг1ъеш  предложенеш д1аязйийр ю вай, къовларш схьа а йоьллуш. 
1. Дас хастийна говр хьалха (ца)яьлла. 2. 1ожа т1е 1аж бен (ца)лета. 3. Нехан (ца)тешамал вуон х1ума дац. 4. Сиха дахана хи х1ордах (ца)кхетта. 5. Воккхачун некъ хадор (ца)лерам бу. 6. (Ца) безамах дуьзнера дог. 7. (Ца)лаам гайти ахь.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Вай х1окху урокехь дацаран дакъалгах лаьцна дийцира. Шайн дагахь латто деза аша даиман 
дацаран дакъалг «ца»:
1) Хандешнашца даима къаьстина яздо.
2) Ц1ердешнашца даима цхьаьна яздо.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Шун 1одика йойла. Марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика