Урок №54 Ц1ердешнаш кхолладаларан коьрта некъаш

Х1окху урокехь шуна девзар ду ц1ердешнаш кхолладаларан коьрта некъаш.
Хьалхарчу урокашкахь 1амийнарг карладаккха деза вай. Дагадог1ий шуна, муьлха дешнаш ду схьадовлаза а, схьадевлла а?
Кхечу дешнех цакхолладеллачарех схьадовлаза дешнаш олу.
Масала: куьг, хи, т1ам, мохк, нана, дог, аьрзу, лам.
Кхечу дешнех кхолладеллачарех схьадевлла дешнаш олу. Уьш кхоллало дешхьалхенийн а, суффиксийн а г1оьнца, иштта дешнаш вовшахкхетарца а.
Масала: д1аала,  адамалла, цатам, охьаэца, схьадийца, хьуьнхо.
Х1инца къастор ду вай ц1ердешнаш кхолладаларан  коьрта некъаш.
Уьш биъ бу. 
1.Ц1ердешнаш кхоллало дешхьалхенийн г1оьнца:
цатам
цабезам
цатешам    
2. Суффиксийн г1оьнца: 
зурманча 
хьуьнхо
ламаро
доттаг1алла.
3. Дешхьалхенийн, суффиксийн  г1оьнца:
чулацам,
т1ехтохам
4.  Дешнаш вовшахкхетарца: 
жа1у
дейиша
т1обоккхург
1.Х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш,  жима  талламан болх бе.
Схьадовлаза а, схьадевлла а ц1ердешнаш шина б1ог1амалге д1анисдан деза аш:
Къиг, буьйса, корта, асархо, махкахо,  къинхьегам, 1аж, стом, дитт, чулацам, цалаам, бералла

2. Суффиксийн г1оьнца кхолладелла ц1ердешнаш билгалдаха деза аш х1окху предложенешкахь: 
Сан Хьамидца доттаг1алла тасаделира. Синкъерамехь говза пондарча вара.   Б1аьхочуьнгара кехат кхечира ц1а. Даймехкан т1амехь майралла гайтира вайн махкахоша. Хазалла- сарралц, дикалла-валлалц. Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина. Дика хьаькам а, хьуьнаре белхало а вара  Ибраьхьим. Уггара хаза хан ю бералла.

Х1окху урокехь вайна девзира ц1ердешнаш кхолладаларан коьрта некъаш:
1. Дешхьалхенийн г1оьнца.
2. Суффиксийн г1оьнца.
3. Дешхьалхенийн а, суффиксийн а г1оьнца.
4. Дешнаш вовшахкхетарца.
1амийнарг  т1еч1аг1деш, ц1ахь кхочушде цхьа т1едиллар: къовларшна юккъара суффиксийн г1оьнца керла ц1ердешнаш кхолла х1окху дешнех: 
1илма (-нч-, -м-,-ло-), толам (-нч-,-хо-,-р-), кхиэл (-ахо-,-лл-,-м-), адам (-хо-,-алл-,-ло-), мало (-хо-, -м-,- нч-), говза (-лл-,-р-, -нч-), хьеха (-м-, -лл-, -р-).
Кху т1ехь вай урок ерзайо. 
Урок кечйинарш:
Тутаева Сацита  Лечаевна
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close
Яндекс.Метрика