Урок №53 Оьрсийн маттера т1еэцначу ц1ердешнийн нийсаяздар

Вай дуьйцур ду оьрсийн маттера т1еэцначу ц1ердешнийн нийсаяздарх лаьцна.
Дуьнен т1ехь тайп-тайпана къаьмнаш ду. Х1ораннан а шен мотт а бу. Мотт-иза  ца хилча йиш йоцу къоман уггара доккха хьал ду. Адамашна юккъахь  уьйр латтайо цо. И бахьана долуш, матта юкъа дог1у кхечу меттан лексикан дешнаш.  Царах т1еэцна дешнаш олу. Вайн матта юкъа а даьхкина  и тайпа шортта дешнаш ду оьрсийн, гуьржийн, 1арбойн, иштта кхечу меттанашкара а.
Масала: директор, радио, парта, телевизор, космос, ведар, инарла (оьрсийн маттера т1еэцна); п1ераска, к1ира (гуьржийн маттера), дин, 1ийда, 1ийса, Кебирт (1арбойн маттера).
Къаьсттина дукха ду вайн лексикехь оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш. Матта юкъахь хиларе терра, уьш, вайн дешнаш санна, терахьашца а, дожаршца а хийцало:
   Цхьаллин терахь                      Дукхаллин терахь
Ц1. зезаг          класс             зезагаш            классаш
Дл. зезаган      классан        зезагийн           классийн
Л.   зезагана    классана      зезагашна       классашна
Др. зезаго        классо          зезагаша          классаша
К.   зезагаца   классаца      зезагашца       классашца
Х.   зезагах      классах        зезагех            классех 
М.  зезаге        классе          зезагашка       классашка
Дс. зезагал      классал       зезагел            классел.
Оьрсийн маттера т1еэцна цхьадолу ц1ердешнаш вайн маттахь ма-аллара яздо. 
Масала: 
Кепек (копейка), яьшка (ящик), машен (машина), ведар (ведро), аьрша (аршин),
картол (картофель), ишкап (шкаф). 
Долахь ц1ердешнаш а, цхьадолу юкъара ц1ердешнаш а оьрсийн маттахь санна яздо.
Маяковский, Лермонтов, футбол, чемпион, хоккей, президент, телефон, танк, роман, апрель, лексика, май, космонавт, ракета.
1. Х1инца предложенеш д1а а еший, царна юккъара оьрсийн маттера т1еэцна ц1ердешнаш билгалдаха хьовса:
Урок чекхъяла пхи минот йиснера. Командирана хьалха лаьттара къона б1аьхой.  1961 шеран 12-чу апрелехь дуьххьара космосе вахара Гагарин. Яьшки чу дехкира йо1а 1ежаш. Май баттахь даздо  Толаман де.Тхан классехь ткъе итт дешархо ву.Сан вашас язйина сочинени хьехархочо хастийра.
2. Х1окху предложенешкара т1еэцна  ц1ердешнаш схьа а лехна, уьш муьлхачу дожаршкахь лаьтташ ду къастадан деза аш.
Инженеро г1ишлойн керла проект кечйира.
Футболисташа чемпионатана дика кечам бинера.
Аса предложени х1оттийра.
 
Х1окху урокехь вай 1амийнарг карладоккхур ду вай юха а:
1. Вайн матта  юкъахь дукха ду оьрсийн маттера т1еэцна ц1ердешнаш.
2. Вайн меттан ц1ердешнаш санна, дожаршца а, терахьашца а хийцало уьш.
3. Цхьадолу т1еэцна ц1ердешнаш вайн маттахь ма-хаззара яздо.
1амийнарг  т1еч1аг1деш,  ц1ахь легаде ц1ердешнаш: поэт, телевизор, ведар, чемпион.
Вайн урок кху т1ехь чекхйолу. 
Урок кечйинарш:
Тутаева Сацита  Лечаевна
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close
Яндекс.Метрика