Урок №56 Ц1ердешнийн суффиксаш.

Вайн урокан тема ю: Ц1ердешнийн суффиксаш.
Тахана вайна хуур ду, ц1ердешнийн х1ун суффиксаш хуьлу а, уьш, шайн маь1нашка хьаьжжина, муьлхачу тайпанашка екъало а.
Вайна ма-хаьара, суффикс дешдакъа ду. Цо керла дешнаш а, дешнийн кепаш а кхуллу.
Ц1ердешнийн суффиксаш шина тайпана ю: дошкхолларан а, дешнийн кеп хийцаран а.
Тидам бийр бу вай х1окху ц1ердешнийн хийцадаларан: 
Ч1еш-ч1ешалг, хал-хелиг, ц1а-ц1елиг
Тола- толам, доттаг1- доттаг1алла, 1илма- 1илманча.   
Х1ун башхо ю аьлла хета шуна оцу шина  мог1анерчу дешнийн?
Хьалхара мог1анехь ч1ешалг, хелиг, ц1елиг дешнашкахь –алг-,-иг-, -лиг- суффиксаш ю. Цара керла дешнаш ца кхоьллина- ч1еш, хал, ц1а бохучу ц1ердешнийн кепаш кхоьллина, х1ума жима хилар гойтуш, ц1ердешнийн кеп хийцаран суффиксаш ю. 
Шолг1ачу  мог1анехь долчу дешнех толам, доттаг1алла, 1илманча керла дешнаш кхолладелла –м-, -алл-,-нч- суффиксийн г1оьнца. Уьш  ц1ердешнийн дошкхолларан суффиксаш ю.
Дошкхолларан суффиксаш хуьлу:
1. Адамаш билгалдийраш
2. Х1уманаш билгалйийраш.
Адамаш билгалден суффиксаш йовзуьйтур ю вай. Царах коьртанаш ю:
-хо- (хьер-хьархо, доьзал-доьзалхо, Шела- шелахо).
-ч- ,-нч- (вота-вотанча, пондар-пондарча, говза-говзанча).
-о- (Ц1онтара- ц1онтаро, Варанда-варандо, Нашха-нашхо).
Х1инца х1уманаш билгалъен  суффиксех коьртанаш йовзуьйтур ю вай шуна.
-лл- : дика-дикалла, хаза-хазалла, сутара-сутаралла;
-алл-: хьаькам-хьаькамалла, мостаг1-мостаг1алла, накъост- накъосталла;
-ло--о- гергара-гергарло, йовха-йовхо, шийла-шело;
-р-: дийца-дийцар, хатта- хаттар, ала-алар;
-м-: саца-сацам, лаа-лаам, теша-тешам;
Х1инца, дийцинчух шу муха кхетта хьовсуш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:  предложенешкахь къастийначу ц1ердешнийн суффиксаш билгалъяха еза аш. 
Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Сихалла — сонталла, собар — кхетам. Боккхачу бахамал могушалла тоьлу. Малонча балхана юьстахвуьйлу. Вочу лулахочул  генара доттаг1 тоьлу.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Х1инца суффиксийн г1оьнца керла дешнаш кхуллур ду вай х1окху ц1ердешнех:
лам –
беш-
вота –
туьйра – 
къиза-
Х1окху ц1ердешнех иштта керла дешнаш кхоллало:
лам – ламаро
беш — бешахо 
вота — вотанча 
туьйра – туьйранча
къиза- къизалла
Х1окху урокехь ц1ердешнийн суффиксех лаьцна дийцира вай.
Ц1ахь тайп-тайпана суффиксаш йолу 10 ц1ердош язде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика