Урок №5 Чолхе-цхьанаккхетачу предложенех лаьцна юкъара кхетам

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Вайн урокан тема ю: «Чолхе-цхьанакхеттачу предложенех лаьцна юкъара кхетам»
Тахана вай кхид1а дуьйцур ду чолхечу предложених лаьцна, дагадоуьйтур ду чолхечу предложенин тайпанаш, ткъа уггар коьртаниг – чолхе-цхьанакхеттачу предложени т1ехь совцур ду.
Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу. Уьш вовшахъхутту я хуттургаша, я хуттургийн дешнаша, я эшаро (интонацино).
предложенеш екъало кхаа декъе:
1) чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;
2) чолхе-карара предложенеш;
3) хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.
Цхьабосса бакъо а йолуш, цхьаьнакхеттачу цхьалхечу  предложенех
лаьттачу чолхечу предложенех чолхе – цхьаьнакхетта предложени олу.
И цхьалхе предложенеш вовшех юзу цхьанакхетаран хуттургаша.
дозаран хуттург- а
Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац. (дозаран г1ирс – дозаран хуттург- а-)
къасторан хуттург —я
Наггахь генахь я пондар хеза, я ж1аьла лета.
дуьхьалара хуттургаш : амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а.
Безамна, диканна, даим ю кийча, амма яц вуонах а цкъа а со едда…
Карти  т1е а хьоьжуш доьлхура тхо, х1етте а юькъа хьун йолчохь тиладелира.
Стелахаьштиг туьйхира, ткъа цул т1аьхьа стиглахь къора тата делира.
Чолхе–цхьаьнакхеттачу предложенехь йолу цхьалхе предложенеш вовшахкъастайо ц1оьмалгашца.
Х1инца  вай  шун  хаарш  т1еч1аг1даран  болх  бийр  бу.
Т1едиллар: Билгалъяха  чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара хуттургаш а,  церан тайпанаш а.
Шийла мох а хьаькхира  х1орд ловза а белира.
Юьртана гонаха бердаш, аьрцнаш ду делахь а х1аваъ ц1ена ду.
Кхузахь буьйса яккха севцира тхо амма г1олийнаг хоьржучохь дацара г1уллакх.
Ц1еххьана хьаькхначу мохо дерриг а д1анисдира  бакъду тхо башха тешаш-м дацара тхайн баьллачу аьттонна.
Я къегина малх хьожура я дог1а тухура.
Дог1а дог1ура  х1етте а арахь шийла яцара.
Т1едиллар нийса  кхочушдинехь  иштта хир ду:
Шийла мох а хьаькхира, х1орд ловза а белира. (–а-дозаран хуттург )
Юьртана гонаха бердаш, аьрцнаш ду, делахь а х1аваъ ц1ена ду. ( делахь а- дуьхьалара хуттург)
Кузахь буьйса яккха севцира тхо, амма г1олийнаг хоьржучохь дацара г1уллакх. (амма— дуьхьалара)
Ц1еххьана хьаькхначу мохо дерриг а д1анисдира, бакъду тхо башха тешаш-м дацара тхайн баьллачу аьттонна. (бакъду – дуьхьалара хуттург)
Я къегина малх хьожура, я дог1а тухура. (я-къасторан хуттург)
Дог1а дог1ура, х1етте а арахь шийла яцара. (х1етте а-дуьхьалара хуттург)
Т1едиллар: Оьшуш йолу хуттургаш юкъа а ялош, цхьалхечу предложенех чолхенаш ян хьовса.
Къонахий дукха ца беха …
Лойша сунна шийла шовда….
…нахаца и г1иллакхе  вацахь….
Нийса кеп:
Къонахий дукха ца беха , амма уьш ца хедаш беха.
Лойша суна шийла шовда, амма ц1ена шовда ло!
Делахь а нахаца и г1иллакхе вацахь, хаалахь и къонах воций.
Хьоме  дешархой! Таханлера вайн урок  х1окху  мог1анашца ерзо лаьа  суна:
1амаде, доттаг1а, 1илма,
Кханенга ца тоьттуш д1а.
Кхуьур ву набарна 1илла,
Дог1ур ду шийланиг 1а.
Дала   аьтто  бойла  шу! Ненан  мотт  1амо, цуьнан сий дан кхетам, иман, собар  лойла  шуна!
Олуш  ду, шен  бийца  мотт а, мохк  а  боцург  къам дац. Цундела   хаддаза   къахьега  деза  вай  вешан  мотт  кхиорехь.
Оцу  хьаналчу къинхьегамо  кхачор ду  вай  дуьненан сийлаллин дарже.
1одика йойла шун! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  20012
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл  Соьлжа-г1ала  2012  шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
Урок х1оттийнарг:Абуева Товман Ильмадиевна, Грозни-г1аларчу №56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а,литературан а хьехархо.

Close
Яндекс.Метрика