Урок №4 Чолхечу предложенех лаьцна юкъара кхетам

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вайн махкахь г1араваьллачу эвлаяан Шейх Митаев 1елин (1овда) нохчийн маттах лаьцначу дешнашца д1айолор ю вай вешан беркате урок.
«Со тешна ву: доккха, башха хиндерг долуш бу нохчийн мотт. Цхьа хан йог1ур ю, и мотт 1амор шайн декхар лорур ду дуккха а мехкийн къаьмнаша».
Дала ницкъ лойла вайна вешан мотт а, мохк а  1алашбан а, доладан а.
Ткъа таханлерчу урокан тема иштта ю вайн.
«Чолхечу предложенех лаьцна юкъара кхетам».
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду стенах олу чолхе предложени.
Кхетам лур бу чолхе предложени муха къастайо цхьалхечух, иштта довзуьйтур ду чолхечу предложенин тайпанаш а.
Оьрсийн маттахь аьлча вайн урокан тема иштта хир ю.
 « Основные понятия о сложном предложении»
 Вешан болх д1аболош, Сулаев Мохьмадан «Товсолта ломара д1авоьду»
 ц1е йолчу романера дас шен к1анте дина весет д1адоьшур ду вай шуна:
 К1ант! –элираТовсолтас, вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуьненчохь массо х1уманал дукха дезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берал а хьоме бу  хьуна Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар- сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга! Ца оьшучохь хьайн корта, майралла гайта а г1ортий, 1ожална к1ел ма лацалахь, амма толамна оьшучохь и кхоон а ма г1орталахь! 1ожаллех ларло, амма  ма  кхера! Тахана дуьххьара араволу хьо хьайн ц1ен т1ера: дин некъаца бевза, к1ант арахь вевза…
Вай кху текстехь билгалъяьхна предложенеш чолхе ю.
Ткъа шуна дагадаг1ахь, чолхечу предложенехь шиъ я цул сов цхьалхе предложени хила еза. Аьлча а, шиъ я цул сов грамматически бух.
Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу.
Масала:
Б1аьсте а д1аелира, деана 1а а т1ех1оьттира.
Чолхечу предложенешкара цхьалхе предложенеш вовшахъхутту я хуттургаша я хуттургийн дешнаша, я эшаро( интонацино).
Ткъа х1инца хуттургуш а, хуттургийн метта лела дешнаш а карладохур ду  вай
 
Хуттургаш
 
Хуттургийн дешнаш
А
АММА
ТКЪА
ДЕЛАХЬ А
БАКЪДУ
ЦХЬАБАКЪДУ
НАГАХЬ
НАГАХЬ САННА
Х1УНДА АЬЛЧА
АЬЛЛА
БОХУШ
МЕЛ
Х1УН
МУХА
МУЬЛХА
СТЕНГА
МИЧА
Х1УНДА
Хуттургашца а, хуттургийн дешнашца а  йолу чолхе предложенеш ялор ю вай х1инца:
Тхоьга хьаша веана хиллера, ткъа со ц1ахь вацара.
Тховса Марижа еана аьлла, синкъерам беш дара тхо.
Т1аккха дийцира цо, и г1алат муха нисдан деза.
Ша стенга кхаьчна, цунна шена а ца хаьара.
предложенешкара  хуттургаш: ткъа, аьлла,
хуттургийн дешнаш: муха, стенга.
Ткъа х1инца, бераш,  хуттургашца йоцу чолхе предложенеш ялор ю вай. Хуттургашца йоцу чолхе предложенеш вовшаххутту эшаро.
Белхан арахь тахана мукъа де дац: б1аьстено юьртан бахамера сиха г1уллакхаш лоьху.
И хьун сенъелла лаьттара, иза  б1аьстенан шийлачу мохо г1ийла лестайора.
Чолхе предложенеш екъало кхаа тобане:
Чолхе – цхьаьнакхетта предложенеш ( сложно-сочиненные предложения) Чолхе-карара предложенеш (сложно-подчиненные предложения)
Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш(бессоюзные сложные предложения)
Ткъа х1инца, бераш,  дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш, шун хаарш толлур ду вай. Лахахь ялийнчу цхьалхечу предложенех, оьшшу хуттургаш а х1иттош, чолхе предложенеш кхолла хьовса.
1) Таллархой берзан лорах  бахара. Борз царна ца карийра.
2) Суна кхин а дийца лаьара.  Накъост сан дашна юкъаиккхира.
3) Буьйса йоьлла .Лаьмнаш гуш ду.
Нагахь аша болх нийса кхочушбинехь, иза иштта хила тарло:
1) Таллархой берзан лорах  бахара, бакъду борз царна ца карийра.
2) Суна кхин а дийца лаьара, амма накъост сан дашна юкъаиккхира.
3) Буьйса йоьллера , делахь а лаьмнаш гуш дара.
Х1инца аса шуна кхин д1а а д1адоьшур ду Товсолтас шен к1анте дина весет, ткъа аша билгалъяха оцу текстера чолхе предложенеш:
…К1ант, адамашца догц1ена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма е, вониг дан сих а мало: ахьа диннарг, гуобоккхийдуха кхочу хьуна. Юххерчарна хьайн х1ума а ма кхоае, нахана делларг – юха карийна, шена делларг- дайна. Хьайна оьшург дика 1алашде, амма х1уманна т1ехь сутар ма хила: к1еззиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов к1еда хила а эшац: т1ех эсалалла-осалалла , сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, т1ех мерза хилахь, верриг д1акхоллур ву. Де тоьлча, кура а ма  вала, амма де эшарх кураллех а ма вала: коьртаниг  къонахчалла ду! Бакъду, ойла йича-дуьне дошдац!.. Амма, к1оргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин х1ума а-м дац кху дуьненахь… юха а  къонахчун ц1е йоцург!
Нагахь аша болх нийса бинехь, иза иштта хир бу:
К1ант, адамашца догц1ена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма е, вониг дан сих а мало: ахьа диннарг, гуо боккхий духа кхочу хьуна. Юххерчарна хьайн х1ума а ма кхоае, нахана делларг – юха карийна, шена делларг- дайна. Хьайна оьшург дика
1алашде, амма х1уманна т1ехь сутар ма хила: к1еззиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов к1еда хила а эшац: т1ех эсалалла-осалалла ю. Сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, т1ех мерза хилахь, верриг д1акхоллур ву. Де тоьлча, кура а ма  вала, амма де эшарх кураллех а ма вала: коьртаниг къонахчалла ду! Бакъду, ойла йича-дуьне дош дац!.. Амма, к1оргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин х1ума а-м  дац кху дуьненахь… юха а  къонахчун ц1е йоцург!
Хьоме бераш, кху т1ехь ерзор ю вай вешан таханлера урок. Со тешна ю, чолхе предложени стенах олу, цуьнан тайпанаш а шуна дагахь лаьттина хир ду аьлла.
Шо шерийн  кочарехь,
Заманан г1аролехь,
Гиначийн б1арлаг1ехь,
Цу денойн дохаллехь…
Хьан мутт а мийлинчех,
Хьан сица кирчинчех,
Хьан дашца хьийкъинчех,
Хьан басах ийначех…
Ду-кха тхо, нохчийн мотт,
Сан мерза ненан мотт!..
(Исраилова Л.)
1одика йойлашун, бераш… Марша 1ойла…
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийнмотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  2007.
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийнмотт » II дакъа   Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийнстуденташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл Соьлжа-г1ала  2012  шо.
5.Эдилов С. Э. «Нохчийнметтансинтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
6. Уциев Абу «Нохчийн литература» 11 кл. Соьлжа-Г1ала «Книжни издательство» 2009 шо
Кечйинарг: А-Хь.Кадыровн ц1арахчу Дешаран Центран нохчийнметтан, литературин хьехархо Исраилова Луиза Абдул-Галимовна.

Close
Яндекс.Метрика