Урок №5. Литературни меттан лексикин тайпанаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Таханлерчу вайн рог1ерчу урокан тема ю: Литературни меттан лексикан тайпанаш.
«Нохчийн мотт, хьо, биц а бина, хаа безаш белахь, со цхьа а мотт ца хууш вуьсийла, Нохчийчоь, хьо к1езга а, лоха а хетта кхочушделахь, со дуьне дааза вуьсийла».
Абдулаев Л.
Хьоме дешархой. Хьовсал, ма хаза, ма доггаха аьлла дешнаш ду уьш.
Цу дешнаша къеггина схьагойту-кх вайна яздархочун шен матте а, махке а болу ц1ена безам.
Иштта хила а деза. Бийца шен мотт а, 1ен-ваха Даймохк а бацахь, ваьхна а дац-кха дан х1ума.
— Тахана вай дуьйцур ду литературни меттан лексикин стилех лаьцна. 
Литературни мотт, говзанчаша нисбеш, тобеш , 1илманца к1аргбеш, исбаьхьаллин бина д1ах1оттийна.
Цундела  литературни меттан лексика  а иштта хаза а, исбаьхьа а, нийса а, говза а нисло.
Литературни матто а,цуьнан хазно а вайн дахаран массо а декъехь г1уллакх до:  дахаран хьолехь а, 1илманехь а, техникехь а,  юкъараллин  -политически  г1уллакхашкахь а,  бахамийн, г1уллакхийн  декъехь а.
Юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олу, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика олу.
Меттан стиль вайн маттахь хат1 ду
Литературни меттан лексикин тайпанаш  х1орш ду:
1.юкъара-литературни лексика, цуьнан стиль а
2.къамелан лексика а, цуьнан  стиль а.
3.1илманан лексика а,  цуьнан стиль а.
4.публистически лексика а, цуьнан стиль а
5.книжни лексика а, цуьнан стиль а.
6.г1уллакхан лексика а, цуьнан стиль а.

-Литературни мотт  къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттан а стилаш.
Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни   меттан 1илманан а, г1уллакхан а, публицистически а стилаш.
Х1ора дийнахь барта дечу къамелехь лелочу  дахаран хьолан дешнех, церан форманех къамелан стиль олу, масала:
 ялта, беркат, ахьар, нана, да, г1овг1а, дог1а , дарц, рицкъа,  машар, доттаг1.
-Лахахь далийначу диалогехь билгалйоккхур ю вай цуьнан стиль.
— Де дика хуьлда хьан, Ваши!
— Дукхаехийла! Ой, хьо яц х1ара, Хьава?!
— Х1ара ма тамашийна х1ума ду.
— Хьоьца накъост вуй?
— Х1ан-х1а. Нанин ян йиш ца хилира. Шуьга массаьрга а маршалла ло бохура цо.
— Делера маршалла хуьлда цунна а, и схьадеанчу хьуна а!
— Иза къамелан стиль ю. Х1унда аьлча, текст х1ора дийнахь вай барта дечу къамелехь лелочу дахаран хьолан дешнех лаьтташ йолу дела.
1илманан  маттахь лелочу дешнех, терминех, церан форманех 1илманан лексика  я цуьнан стиль олу.
Масала: орам, дещхьалхе, ц1ердош, дожар, легар, дакъа.
«Муьлхха а цивилизованни къам,
пачхьалкх беа б1ог1ам т1ехь лаьтта – дешарна,
могашаллина, культурана,экономикана.
Царах коьртаниг – дешар, 1илма ду.»
АйдамировАбузар, “Вайн амалш”
— Иза 1илманан стиль ю.
— 1илманан стиль шакъаьстинчу маь1нашца 1илманан маттахь лелочу дешнех а, терминех а, церан форманех а олу.
— Юкъараллин — политически дешнийн маттах а, цуьнан форманех а публицистически лексика я цуьнан стиль олу.
— Газеташ, журналаш т1ехь, радио, телевизор чухула, адамаш гулделлачохь юкъараллин – политически г1уллакхех лаьцна дуьйцуш.
Масала: халкъ, пачхьалкх, къинхьегам, къийсам, 1едал, закон, къахьегар.
Дадас х1ора денна а ладуг1ура керлачу хаамашка.
Цара дуьйцура, дуьненан юкъарчу политиках лаьцна а, вайн пачхьалкхан президента машарехьа латтош болчу некъах лаьцна а.
-Иза публицистически стиль ю.
-Г1уллакхан  лексиках пайдаэца безаш хуьлу тайп-тайпанчу гуламийн сацамашкахь, протоколашкахь.
Масала:
Дийцаре дира, къобалдира, магийра, векалвина, билгалваьккхира, сацам бира, резолюци язйира.
Нохчийн меттан Де д1акхайкхоран хьокъехь
Нохчийн Республикин Президентан указ даьккхира 11.05.2007 ш.

 Исбаьхьаллин стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала мегар ду, х1унда аьлча дешнаш схьахаржа хааре  терра, дог-ойла а, синхаам а дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочушхуьлу исбаьхьаллин говзарийн  дешнаш.
-Д1айоьшур  ю вай текст. Билгалйоккхур вай цуьнан стиль
 «Т1елестара ламанан хаза б1аьсте. Денош дахделлера.
Денна бохлуш богура, б1аьстенан де долош, схьакхеттачу дашочу маьлхан кхерч.
Дерриг 1алам дендина, дуьне хьоьстуш хьоьжучу цуьнан з1аьнарша т1емадаьхна, шайн бес-бесарчу шакарийн йоккха г1ар г1аттийна хьийзара  олхазарш.
Ламанан басешкара самукъане екарца, шайн хаза эшарш лоькхуш, т1улгаш т1ехула кхийсалуш 1енара дешна доьдучу лайн 1овраш.
Окуев Шима, «Лайн т1ехь ц1ен зезагаш.»
 Иза  исбаьхьаллин стиль ю. (цу  юккъехь суртх1отторан г1ирсаш, исбаьхьаллин башхаллаш а ю)
-Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса деза.
— Т1едилларехь  ялийначу предложенешкара литературни меттан лексикин тайпанаш билгалдаха хьовса:
1. Оьздангалла — иза кхечу садолчу х1уманийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш а, барамаш а, кепаш а ю.
2. Малх, шерачу арара жима юрт сарралц дешица а кхелина, х1инца сарахь цу юьртана гена йоцчу баьццарчу бархатан  рег1а  т1ехьа чубузуш лаьттара.
Цуьнан ц1ен дарин санна, гуш болу гуо, богучу малхе даьккхина ц1ен аьнгали санна лепара.
3. Селхана д1аяьхначу яздархойн кхеташонехь  сацамбира, керлачу дешаран шарна книгаш арахеца.
4. «Мотт, духар, г1иллакхаш къомансибатду. И сибат лардешверг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен мехкан хьакъ волу къонах ву. Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо шен мехкан сий дийр дац.Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац».
Берсанов Хож-Ахьмад.
-Т1едилларан нийса жоп иштта хир ду:
1-чу предложенехь ерг 1илманан стиль ю.
2-чу предложенехь-исбаьхьаллин стиль.
3-чу предложенехь-г1уллакхан стиль.
4-чуьнгахь-публицистически стиль.
-Тахана вайна евзи литературни  меттан лексикин тайпанаш.                             
-Мотт бийцарехь пайдаэца безаш хуьлу  оцу тайп-тайпанчу меттийн стилех.
-Ц1ахь, нохчийн меттан   газетех, журналех пайда а оьцуш, литературни  меттан стилашна масалш даладе.
-Цу т1ехь вайн урок чекхйолу, шу марша 1ойла, 1о дика йойла.

Close
Яндекс.Метрика