Урок №6. Литературни меттан лексикин тайпанаш

-Маршалла ду шуьга ,хьоме дешархой!
Таханлера вай урокан тема ю: Литературни мотт а, диалекташ а.
Урок д1айолош суна дало лаьа меттан говзанчас, сийлахьчу профессора Джамалханов Зайндис аьлла дешнаш:
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза.
 Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу».
Яханчу урокехь вайна евзира литературни меттан лексикин тайпанаш.
-Литературни мотт, йозанца  хилла ца 1аш, шера а, нийса а, говза а, к1орггера хуучара барта а буьйцу.
-Литературни меттан норманаш, бакъонаш ларъеш буьйцуш хилча, цунах бакъонца литературни исбаьхьа, говза, хаза мотт хуьлу.
-Цуьнан стилех пайда а оьцу вай.
-Нийсааларан  а, нийсаяздаран а, грамматикан а, маь1нашна дешнаш  нийса харжаран а, стилистикан бакъонех литературни  метан норманаш олу.
И норманаш кху кепара  ю:
1) лексически (дешнаш шайн маь1ница нийса далор)
2) морфологически (дешнийн морфологически форманаш  нийса ялор)
 3) синтаксически (дешнех предложенеш нийса х1иттор)
 4) орфоэпически (дешнаш нийса ала хаар)
 5) орфографически (дешнаш нийса яздан хаар)
 6) пунктуационни (йозанехь  сацаран хьаьркаш нийса лелор)
7) фонетически (дешнашкахь къамелан   аьзнаш нийса олуш лелор)
8) стилистически (меттан стиль ларъяр а, шен ойланаш  нийса йийца хаар а)
-Литературни меттан норманашний, меттигерчу  меттан  дешнашний  юкъахь башхо ю.
-Нохчийн мохк  боккха бацахь а, нохчийн къам доккха дацахь а, амма цхьа билггалчу меттиган меттанаш (диалекташ) дукха ду нохчийн маттахь.
-Меттиган  маттах диалект олу, ткъа меттигерчу  меттан дешнех  диалектизмаш олу
-Нохчийн мотт диалекташка бекъало. Царах коьрта диалекташ  кху кепара ю:
-шерачу аренан  диалект
-аьккхийн  диалект
-ч1ебарлойн  диалект
-итумкхаьллойн диалект
-галанч1ожан диалект
-кистийн диалект
-Диалекташ талларо доккха гIо дийр ду нохчийн меттан истори Iаморна а, дуккха а долчу дешнийн этимологи гучуяккхар тIехь а.
-Масала, чIебарлойн диалекто гучуйоккху нохчийн «кортали» бохучу дешан этимологи.
ЧIебарлоша кортилар олу цунах. Цунах хаьа вайна, и дош исторически «коьрта + тиллар», «корта тиллар», «корта диллар» бохучу дешнех хилла хилар.
-И ши дош вовшахкхеташ, шолгIачу деша (тиллар, диллар), хьалхара-т-охьадоьжна».
Слайд:
Нохчийн литературни маттахь -ала, -олу, -эли, -элира, -аьлла чIебарлойн диалектехь —ала -ало -али -алир -алле                                                                            
овш— бохург чIебарлойн диалектехь —уьш бохург ду.                                               
вадо — вадий — вадийра — вадийна – вадийнера
Веданхойн диалектехь-вадо-вадай- вадайра, вадайна, вадайнера.
кхуссур ю, водур ву, Iуттур ю —
Шуьйтахойн диалектехь кхуссуг ю, водуг ву, Iуттуг ю олу.
Масала: Ас буьрка кхуссуг ю.
-Нохчийн литературни маттерчу  вара, бара, дара, яра
бохучу форманийн метта шуьйтахойн диалектехь вер, бер, дер, ер-лела.
-Аьккхийн диалектехь нохчийн литературни маттахь йоцуш йолу, хIума жимъяран, хьастаран кепехь олу:
кIант — к1аьтак — кIаьтиг, кхокха — кхокхалг — кхокхалиг.
Эса дедда олуш аьккхаша 1аьса деданд олу.
Буорз, к1еза, маж, х1уорд, кистийн диалектехь буордз, к1едз, мадж, фуард, олу.
Оцу диалектехь хIума жимъяран суффиксаш ю:
-ЦIонтароша цIа а воьду, шуьйтахоша тхо богIуш бу, чIебарлоша со ваг1о, ас бахо, веданхоша хьо вагIаш ву олу.
алийта – алайта (веданхойн диалект)
жижиг – дилх (орстхойн)
атйокх – бекург (кистийн)
сирник – синарка (теркахойн)
боьха – бIеха (галанч1ожан)
х1инца – хIунц (итумкхаьллойн)

-Нохчийн  литературни маттана   бухе йиллинарг шерачу аренан  диалект ю.
— Цу юкъайог1у Хьалха-Мартанан, Шелан, Гуьмсан, Теркан, Т1ехьа-Мартанан районийн а ,Атаг1ара а, Теркйистера а диалекташ.
— Литературни  меттан  дешнийн хазна кхочушъеш , г1о до тайп-тайпанчу  диалектийн  дешнийн лексически  хазно, кхечу  дешнашца аьлча, вайнехан литературни мотт вайн ерриг а диалектийн г1оьнций бен кхочушхуьлуш бац.
-Цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
Диалекташ юкъа а ца ялош, литературни маттахь нийсаязъян хьовсий вай и предложенеш.
Се вахана вара цу юьрта хьошалг1а.
Цу г1алахула лийлина, к1адвелла, хьолаха ваьлна  вара со.
Лулахочун к1аьтик веана вара селхана  школе.
Нийса жоп:
Со ваханера  цу юьрта хьошалг1а.
Цу г1алахула лелла, к1адвелла, хьолаха ваьллера хьо.
Лулахочун  к1ант веанера селхана школе.
-Вай урок  ерзош суна  дало лаьа вайна дика вевзаш а, лоруш а волчу поэта, журналиста Цуруев Шарипа  аьлла дешнаш:
 -«Нохчийн литературни меттан лексика кхиоран декъехь диалекташкара пайда хила йиш ю, кхечу къаьмнийн меттанашкара хийла дешнаш тIеиэца а ца дезаш. Нохчийн диалектехь мотт бийцина а, нохчийн мотт бийцар, бIозза гIолехь ду кхин мотт буьйцучул».
-Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна, шаьш дехачу меттехь,
к1ошт1ахь карайой хьовса меттан диалекташ.
-Вай урок цу т1ехь ерзор ю.                                                                                          
1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика