Урок №4. Нохчийн меттан а, кхечу меттанашкара а вайн матте т1еэцна дешнаш

Маршалла ду шуьга, хьоме  дешархой.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду: нохчийн меттан а, кхечу меттанашкара а вайн матте т1еэцначу дешнех лаьцна.
Муьлххачу а къоман матта юкъахь хуьлуш ду бакъонца, шеко а йоцуш, къоман меттан дешнаш а,   иштта кхечу къаьмнийн меттанашкара т1еэцна дешнаш а.
1илманчаша дерриге а дуьненчохь 2796 тайпа къоман мотт лору, керла карийнарш лерича, 3000 сов мотт лору.
Цу меттанашна юкъахь цхьа а мотт бац кхечу къаьмнийн меттанашкара т1еэцна дешнаш доцуш, х1унда аьлча лулахь дехаш хиларца, цхьацца гергарлонаш долуш, хьошалла, доттаг1алла бахьанехь, иштта кхечу бахьанашца а хила тарло кхечу меттанашкара дешнаш т1еэцар. Масала:
 
гуьржийн маттера: к1ира, п1ераска, гата, котам, ж1ар и. д1. кх
г1умкийн маттера: г1ум, чийлак, этак, ков, г1ала и.д1.кх.
1аьрбийн маттера вайн матте т1еэцна дешнаш ду: еса, жам1ат, шапа1ат, салават, къор1а, хьаьрк и д1.кх.
1аьрбашкара вайн матте  т1еэцна дешнаш йоьалг1чу классехь лела (шапа1ат ду, хьаьрк ду)ду-ду.
Оьрсийн маттера а, иштта оьрсийн маттехула вайн матте т1еэцна дешнаш дукха ду: ручка, парта, тетрадь, книга, класс,  школа, литература, грамматика, поэзи, морфологи, институт, планета, фольклор, фонетика и.д1.кх.
-Оьрсийн  маттера  я оьрсийн маттехула вайн матте т1еэцна дешнаш, адамех, божарех лаьцна дацахь, кхин дешнаш 3-чу (ю-ю) классехь лела, масала:
 фольклор (ю), класс (ю), математика (ю), литература (ю)? машен (ю).
-Оьрсийн  маттера хьалха т1еэцна дешнаш нохчийн матто шен хьелашца нисдеш т1еэцна.
Масала:
оьрсийн маттахь              нохчийн маттахь
ведро                                      ведар
стакан                                     стака
конфета                                  кампет
пристав                                  пурстоп
генерал                                   инарла
кружка                                    куршка
-Шеко йоццуш хаа йиш йолуш ду нохчийн меттан шен дешнаша х1ара кхетамаш билгалбеш хилар: гондахьа долчу дахаран х1уманийн ц1ераш.
Масала:
диттийн: бага, база, дакх,кхор,1аж, хьач, хьаьмц и.д1.кх.;
дийнатийн: цхьогал, пхьагал, ча, борз, ж1аьла, етт,уьстаг1, говр и.д1.кх.;
гергалонийн: да, нана, йиша, ваша, шича, маьхча…:
ц1ерметдешнаш: со, хьо, и, иза, тхо, вай, шу, уьш…;
терахьийн ц1ераш: цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ…;
 — Вайнехан г1иллакх-амалийн башхаллаш билгалъеш, йовзуьйтуш долу дешнаш а дукхахдерш нохчийн ду:
синкъерам, барам, ловзар,
безам, баьрче, лерам,
хазахетар, некъбитар,
хелхар, хьалаг1аттар.
-Масдаран дешнаш а ц1ена нохчийн дешнаш ду, масала:
яздар, дешар, дийцар,
алар, хьажар, идар,
лахкар, ларар, вижар,
г1аттар, сатасар и. д1.кх.
Нохчийн маттера оьрсийн матте т1еэцна  а ду цхьадолу дешнаш, масала:
Г1оьрда ц1е йолчу нохчийн говзачу пхьеро дина сов башха тарраш:
гоьрда, терсмаймал оьрсийн матте т1еэцна: гурда, терсмаймун аьлла.
Х1инца 1амийнарг теч1аг1деш болх бийр бу вай.
— Х1ора т1еэцначу дашна дуьхьал цуьнан маь1на досту нохчийн дош яздан хьовсур ду вай:
квалификаци — говзалла
диалог — шиннан къамел
биографи — вахаран некъ
стаж — белхан хан
монолог — цхьаннан къамел
урок — дарс
космос — т1урнене
-Ялийна  предложени оьрсийн матте йоккхур ю вай:
Кестта школехь спортехула къийсадаларш д1ахьур ду.
Скоро в школе пройдут спортивные соревнования.
-Т1еэцна дешнаш -школехь, спортехула
Тахана девзи вайна, нохчийн меттан  дешнаш а, иштта  кхечу къаьмнийн меттанашкара вайн матте т1еэцна дешнаш а, тайп- тайпанчу классашка  уьш д1анислуш хилар а хии.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика