Урок №3. Архаизмаш, неологизмаш, историзмаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Вай урокан тема ю: Архаизмаш, неологизмаш, историзмаш.
Юкъараллин дахар кхиарца кхуьуш схьабеана мотт.
-Цундела юкъараллин дахарехь, 1илманехь, техникехь, тайп-тайпанчу говзаллашкахь, дахаран башхаллашкахь хийцамаш хиларца цхьаьна  буьйцучу маттаца  а хуьлу хьакъболу хийцамаш. Дахаран аг1онаш  хийцаяларца  меттан дешнаш а хийцало. Цхьадолу  дешнаш ширло, к1ез-к1езиг довлуш юкъара д1адовлу, адамаш царах пайдаэцаре хьаьжжина, ткъа цхьаццадолу дешнаш  керла юкъа а довлу. Иштта цу бахьанашца нисло меттан ширделла дешнаш (архаизмаш) а, дахарера д1аевллачу х1уманийн (историзмаш), керла дешнаш (неологизмаш) а.
-Меттан дерриге а дешнех лексика (я меттан д1ах1оттам) олу.
-Лексикехь коьртаниг дешнийн хазна ю.
-Меттан дешнийн д1ах1оттам, г1ишлошъярна оьшу г1ирс санна тайп-тайпанчу 1алашонашца а, церан тайп-тайпана хиларе хьаьжжина а 1амо тарло.
-Дешнаш ширдалар шина кепара ду:
Дахарера  д1аевллачу  х1уманийн, г1уллакхийн ц1ерш ширло, шайх историзмаш а хуьлуш,
масала:
пурстоп (пристав),
жоьккеш (генара х1ума схьаозо м1ар),
сардал (наместник),
мажар (даштуху топ),
ц1уьх1ар (хьуьжарехь мута1еламашна напха гулден стаг),
нухьер (наибан г1оьнча),
мескат (меха яккха кечбина г1ирс),
амалт (стагах тешийна дитина х1ума)
-Дахарера д1айовлаза йолчу х1уманийн ц1ерш ширло, шайх архаизмаш а хуьлуш,
масала:
баттам (жима к1удал),
бекх (кетар),
буьйр (приказ),
валти (аганан жима гоь),
гирда (12 кг. чуйоьду кхаба),
талмаж (гочдархо),
шонк (маха баккхар),
кхиэлахо (суьдхо), 
зебар (лейка),
отту (адъютант),
к1ай (т1ам),
гаьзло (аьрро куьйга г1уллакх дийриг),
чийлак (ведар)
-Цхьадолу дешнаш керла юкъадовлу, шайх неологизмаш хуьлуш,
масала:
т1урнене (космос), радио, телевизор, компьютер, машен, хенан х1оттам, дошам, яздархо, парламент, конференци, университет, литература и. д1.кх.
-Архаизмаш, историзмаш вовшех муха къаьста аьлча, историзмаш, кху сохьта дахарехь ян а йоцуш , юкъара д1аевллачу х1уманийн, г1уллакхийн ц1ераш билгалъеш хиларций, архаизмаш дахарера д1айовлаза йолчу х1уманийн ц1ераш билгалъеш, амма и ц1ераш ширъелла хиларций, вовшех къаьсташ ю.
Х1инца х1окху дешнийн маь1на дан хьовсур ду вай.
кахьар — куьйга хьовзо чарх
к1ошт — масех юрт чуйог1у меттиг
товха — ширчу заманахь еш хилла пеш
ц1ай — деза де
шахьар — йоккха юрт
таж — паччахьан коьрта туьллуш хилла куй.
 -Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу. Схьакъастор ю кху предложенешкара историзмаш, архаизмаш, неологизмаш.
Эпсаро шега дуьйцург гочдан волавелира талмаж.
Ц1а чохь телевизор йоцург кхин х1ума яцара.
1имран хьуьжаран ц1уьх1ар а, мута1елам а вара.
Хьаьжа-Мурдаца  нухьерш бара.
Кхиэлахочо  кхаа вешина цхьа дийцар дийцира.
Йоккхачу г1алахь космодром яра.
-Нийса жоп:
Слайд:
нухьерш, ц1уьх1ар — историзмаш
талмаж, кхиэлахо — архаизмаш
телевизор, космодром — неологизмаш
 Х1окху урокехь вай таро хили ширделла дешнаш — архаизмаш а, дахарера д1адевллачу х1уманийн ц1ерш — историзмаш а, керла дешнаш — неологизмаш а довза.
 Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шу, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература
1. З.Д. Джамалханов, Т.М. Вагапова, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт 8-9 классашна. Соьлжа-г1ала ГУП «Книжное издательство» 2007шо.
2. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классана дешаран пособи Грозный «Арфа-Пресс»    2010шо
3. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2012шо.
4. Эсхаджиев Я.У. «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор». Грозный «Альфа-Пресс» 2010шо.
5. Арсанукаев А.М. «Нохчийн литературин 1илманан терминийн луг1ат» Соьлжа-Г1ала 2010шо

Close
Яндекс.Метрика