урок №49 Дакъалгаш а церан маь1на а

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Нохчийн къоман сибат кхаа меженах кхоллалуш ду: буьйцучу маттах, т1ерачу духарх, г1иллакхех. Нохчийн мотт нохчийн г1иллакхех къаста йиш йолуш бац. Ненан мотт х1ора къоман культуран бух хиларе терра, иза мелла а к1орггера дика 1амор, вайн х1ора а стеган декхар ду.
Х1окху урокан тема ю: Дакъалгаш а, церан маь1на а.
Предложени, цуьнан меже
МаьIне далош лела
Г1уллакхан къамелан дакъа,
Девзий шуна дакъалг?
Х1инца карладаккха хьовсур ду вай хьалха 1амийнарг.
Нохчийн маттахь 10 къамелан дакъа ду:
6-коьрта къамелан дакъа.
4 -г1уллакхан къамелан дакъа.
Коьрта къамелан дакъош:
Ц1ердош
Билгалдош
Терахьдош
Ц1ерметдош
Хандош
Куцдош
Г1уллакхан къамелан дакъош:
1. Хуттургаш
2. Дешт1аьхье
3. Дакъалгаш
4. Айдардош
Предложенин меженаш я чолхечу предложенин дакъош вовшахтосучу г1уллакхан къамелан декъах хуттург олу.
Масала:
Ахьмада кехат а,къолам а ийцира.
Султана мохь беттара, амма гучуволуш цхьа а вацара.
Х1инца дагадоуьйтур ду вай стенах олу дешт1аьхье. Дешт1аьхьенаша дешнийн вовшашца йолу юкъаметтиг гойту.
Оьрсийн маттахь йолчу предлогаша деш долу г1уллакх кхочушдо цара.
Масала:
Стоьла  т1е– «на стол»
Стоьла т1ехь – «на столе»
Стоьла к1ел – «под столом»
Хьовсур ду вай стенах олу дакъалг!
Дешнашна я дийнначу предложенешна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу.
Масала:
Вахарий техьа Супьян эсий дажо?
Цо сихха схьакхочур ву ма элира.
1елимсолта сарахь ц1а ца веара.
Данне а нийса дацара цо дуьйцург.
К1адвелла, ур-атталла вистхила де дацара Шамсуддин.
Ша юхавог1ур ву аьллий-ца Шамсуддис.
Мел хаза ду таханлера де!
Хьо бен вац кху ц1а чохь?
Кху предложенешкахь, вайна ма-гарра, билгалдинчу дакъалгаша предложенина а, цуьнан меженашна а тайп-тайпана маь1наш ло: хаттаран, дацаран,  айдаран, дозатохаран, бакъдаран, хьастаран.
Д1аяздийр ду вай х1ара тайпа дешнийн цхьаьнакхетарш, дакъалгаш билгал а дохуш.
Ц1а веарий те, цига кхечирий техьа, «х1аъ» аьлла чувеара, дика ларош-м ву, и-х тоххара д1авахара, ч1ог1а веар-кх ,ца дийшира, ур-атталла ван а ца веа, х1ан-х1а, яцара.
Дагадаийта муьлхачу маь1нехь лела уьш.
те-техьа-хаттаран дакъалгаш,
х1аъ-бакъдаран,
м,-х,-кх-ч1аг1даран,
ца,  ур-атталла, х1ан-х1а-дацаран,
Кхин цхьа т1едиллар  а кхочушдийр ду вай ,1амийнарг  тIечIагIдеш.
Дакъалгаш юкъа а далош,  предложенеш х1иттор ю вай:
Д1аязде дакъалгаш: ма, ца, бен, теша, -м, х1аъ.
Т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло:
Эх1! Ма тамехь ду х1ара хи.
Ахь олуш бен суна-м ца хезна иштта дош.
Х1аъ, — корта та1ийра ас, цига ваха сайна башха лууш доццушехь.
1амийнарг т1еч1аг1деш, ц1ахь иштта  болх бан хьовса.
Лахахь ялийначу байта юкъара дакъалгаш билгалдаха.
Махаза ю-кх хьо, шера тог1е,
Хьайн бай т1е ц1ен зезаг даьлча,
Ма хаза ю-кх хьо, Теркан г1айре,
Хьайна т1е баьццара къаж яьлча
(Мамакаев 1арби).
Х1окху урокехь вай шуьца карладехира дакъалгех долу хаарш. Цу Везачу Аллах1а шайн ненан мотт кхид1а  1амо а, бовза а хьекъал, кхетам лойла шуна.
 
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийнмотт- 6 класс» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий», 2013 г.
С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2010 г.
Я.У.Эсхаджиев «Юккъерчушколехьнохчийнметтанорфографи а, пунктуаци а 1амор» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г.
Тимаев В.Д. «Х1инцалера нохчийнмотт» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий» 2005.
Исмаилов А. «Дош», Грозный, 2005 г.

Close
Яндекс.Метрика