Урок №50 Дакъалгийн тайпанаш

Дакъалгийн тайпанаш.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.
Уггар хьалха ненан маттах байт йийца лаьа суна.
Cлайд:
Ненан мотт –
Вайн халкъан т1емаш.
Ненан мотт –
Вайн бахам, сий.
Ненан мотт –
Бовза ца 1ебаш,
Кхойкху ас
Шуьга, нохчий!
                             (Атабаев Султан)
-Х1окху урокехь вай дуьйцур ду дакъалгех а, церан тайпанех а лаьцна. Яханчу урокехь вай 1амийра дакъалгаш а, церан маь1на а. Дагадоуьйтур вай стенах олу дакъалгаш.
Предложенина я цуьнан меженашна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу.
Масала:
Хьо бен ца хили суна г1о дан.
Х1ан-х1а ца олуш ц1ен т1ехь мел деш долу г1уллакх дора Раисас, данне а шена баркалла доцуш.
Билагдаьхначу дешнаша тайп-тайпана маь1на ло предложенешна.
Х1инца хьовсур вай муьлха тайпанаш ду дакъалгийн.
Хаттаран – те, техьа, теша
Бакъдаран – ма, ткъа, х1аъ, хьаха
Дацаран – ца, х1ан-х1а, ур-атталла
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацар ч1аг1даран – данне а, аьттехьа а
Хьастаран – аьллий-ца
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – бен
-Х1инца х1окху кепа т1ехь долу дакъалгаш юкъа а далош предложенеш яло хьовсур ду вай.
 Бовр буй техьа хьоь болу безам цкъа а, гур вуй те сайл дукха, Даймохк, хьо безаш верг? (хаттаран)
Х1ан-х1а, дас ойланца а т1е ца лоцура, шен к1анте шега кхаьчна де кхочийла лаар. (дацаран)
Хала, хьаха, дацара шу санна хаза мохк хилча. (бакъдаран)
Хьажахь,ша сол лекха ю аьллий-ца Каметас. (хьастаран)
Ша дуьйцург бен бакъ ца хетара йоккхачу стагана. (дозатохаран)
Мел ц1ена а, дег1ана аьхна а ду ламанца долу х1уо! (айдаран)
Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчхьана. (ч1аг1даран)
 -1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочушдан хьовсур ду  вай цхьа т1едиллар. Лахахь далийна дакъалгаш д1анисдан хьовса тайпанашка:
Те, мел, ма, ца, техьа, теша, бен, веккъа, ур-аталла, -кх, хьаха, -х, кхин а, деккъа, -м.
Хаттаран – те, техьа, теша
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацаран – ца, ма, ур-аталла, хьаха, кхин а
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – веккъа, деккъа, бен.
Кхочушдийр ду вай кхин цхьа т1едиллар.
-Къовларшна юккъерчу дакъалгех маь1ница дог1урш а дохкуш д1аязйийр ю вай предложенеш:
Слайд: (не читает)
Сайна (ма, мел) ницкъ хилахь а, нанас аьлларг кхочушдийр ду аса.
Бакъ (ца, аьттехьа а) хилла цо дийцинарг.
– Хуур (-кх, -м, -х) – хьацарна йовлакх хьаькхира Анзора.
– Э-э, к1ант! Адамаш (хьаха, ца) ду бен-бен.
Ванах, мичара ву (техьа, хьаха, бен) хьо?
Нийса жоп:
Слайд:(читает)
1.     Сайна мел ницкъ хилахь а, нанас аьлларг кхочушдийр ду аса.
2.     Бакъ ца хилла цо дийцинарг.
3.     – Хуур –кх, – хьацарна йовлакх хьаькхира Анзора.
4.     – Э-э, к1ант! Адамаш хьаха ду бен-бен.
5.     Ванах, мичара ву техьа хьо?
Вай урок ерзош, 1амийнарг карладоккхуш иштта болх бан хьовсур ду вай.
Х1ара болх диалоган кепехь вовшахтоха мегаш бу: цхьаболчара хаттарш деш, вукхара жоьпаш луш. Хаттаршна жоьпаш лур ду вай х1окху дакъалгех пайда а оьцуш:
Слайд:
х1аъ, дера, ца, ма, -кх, х1ан-х1а.
— Ломахь хиллий хьо?
— Х1аъ, хилла.
-Хьаьнца ваханера хьо цига?
— Дера ваханера сайн доттаг1чуьнца.
— Х1ун дира аш цигахь?
— Ма хаза 1ийра тхойшиъ!
— Буьйса йоккхуш 1ийрий шу?
— Х1ан-х1а, ца 1ийра.
— Муха хийтира хьуна ломахь?
— Мел хаза дара ломахь!
— Муха дара цигара 1алам, хи?
— Мел дукха хьежарх к1ордор доцуш исбаьхьа дара-кх!
— Кхин г1ур вуй хьо?
— Ву дера.
Хьоме, дешархой, х1окху урокехь шуна девзира дакъалгийн тайпанаш.
-Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна:  лахахь далийначу дакъалгийн тайпанех пайда а оьцуш , предложенеш х1итто хьовса :
Слайд:
Хаттаран – те, техьа, теша
Бакъдаран – ма, ткъа, х1аъ, хьаха
Дацаран – ца, х1ан-х1а, ур-атталла
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацар-ч1аг1даран – данне а, аьттехьа а
Хьастаран – аьллийца
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – бен
Цу т1ехь вай урок ерзор ю ,
1одика йойла, марша 1ойла!
 
 
Тренажер (хаттарш)
 
Муха яздо дешнашца дакъалгаш: те, техьа, теша, ткъа, х1аъ, дера?
(къаьстина яздо)
Муха яздо дешнашца дакъалгаш: -м, -х, -кх?
(дефисца яздо)
3.Муьлха г1уллакхан къамелан дакъош девза шуна? (дешт1аьхье, хуттург, дакъалг, айдардош)
4.Стенах олу дакъалг? (Дешнашна я дийначу предложенешна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу.)
5.Муьлха девза шуна?
 
 
Пайдаэцна литература:
 
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт- 6 класс» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий», 2013 г.
С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2010 г.
Я.У.Эсхаджиев «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г.
Тимаев В.Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий» 2005.
Исмаилов А. «Дош», Грозный, 2005 г.
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Урок №50
Дакъалгийн тайпанаш.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.
Уггар хьалха ненан маттах байт йийца лаьа суна.
 
Ненан мотт –
Вайн халкъан т1емаш.
Ненан мотт –
Вайн бахам, сий.
Ненан мотт –
Бовза ца 1ебаш,
Кхойкху ас
Шуьга, нохчий!
                             (Атабаев Султан)
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду дакъалгех а, церан тайпанех а лаьцна. Яханчу урокехь вай 1амийра дакъалгаш а, церан маь1на а. Дагадоуьйтур вай стенах олу дакъалгаш.
Предложенина я цуьнан меженашна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу.
Масала:
Хьо бен ца хили суна г1о дан.
Х1ан-х1а ца олуш ц1ен т1ехь мел деш долу г1уллакх дора Раисас, данне а шена баркалла доцуш.
Билагдаьхначу дешнаша тайп-тайпана маь1на ло предложенешна.
Х1инца хьовсур вай муьлха тайпанаш ду дакъалгийн.
Хаттаран – те, техьа, теша
Бакъдаран – ма, ткъа, х1аъ, хьаха
Дацаран – ца, х1ан-х1а, ур-атталла
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацар ч1аг1даран – данне а, аьттехьа а
Хьастаран – аьллий-ца
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – бен
Х1инца х1окху кепа т1ехь долу дакъалгаш юкъа а далош предложенеш яло хьовсур ду вай.
 
 Бовр буй техьа хьоь болу безам цкъа а, гур вуй те сайл дукха, Даймохк, хьо безаш верг? (хаттаран)
Х1ан-х1а, дас ойланца а т1е ца лоцура, шен к1анте шега кхаьчна де кхочийла лаар. (дацаран)
Хала, хьаха, дацара шу санна хаза мохк хилча. (бакъдаран)
Хьажахь,ша сол лекха ю аьллий-ца Каметас. (хьастаран)
Ша дуьйцург бен бакъ ца хетара йоккхачу стагана. (дозатохаран)
Мел ц1ена а, дег1ана аьхна а ду ламанца долу х1уо! (айдаран)
Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчхьана. (ч1аг1даран)
 
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочушдан хьовсур ду  вай цхьа т1едиллар. Лахахь далийна дакъалгаш д1анисдан хьовса тайпанашка:
Те, мел, ма, ца, техьа, теша, бен, веккъа, ур-аталла, -кх, хьаха, -х, кхин а, деккъа, -м.
Хаттаран – те, техьа, теша
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацаран – ца, ма, ур-аталла, хьаха, кхин а
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – веккъа, деккъа, бен.
Кхочушдийр ду вай кхин цхьа т1едиллар.
Къовларшна юккъерчу дакъалгех маь1ница дог1урш а дохкуш д1аязйийр ю вай предложенеш:
Сайна (ма, мел) ницкъ хилахь а, нанас аьлларг кхочушдийр ду аса.
Бакъ (ца, аьттехьа а) хилла цо дийцинарг.
– Хуур (-кх, -м, -х) – хьацарна йовлакх хьаькхира Анзора.
– Э-э, к1ант! Адамаш (хьаха, ца) ду бен-бен.
Ванах, мичара ву (техьа, хьаха, бен) хьо?
Нийса жоп:
1.     Сайна мел ницкъ хилахь а, нанас аьлларг кхочушдийр ду аса.
2.     Бакъ ца хилла цо дийцинарг.
3.     – Хуур –кх, – хьацарна йовлакх хьаькхира Анзора.
4.     – Э-э, к1ант! Адамаш хьаха ду бен-бен.
5.     Ванах, мичара ву техьа хьо?
Вай урок ерзош, 1амийнарг карладоккхуш иштта болх бан хьовсур ду вай.
Х1ара болх диалоган кепехь вовшахтоха мегаш бу: цхьаболчара хаттарш деш, вукхара жоьпаш луш. Хаттаршна жоьпаш лур ду вай х1окху дакъалгех пайда а оьцуш:
х1аъ, дера, ца, ма, -кх, х1ан-х1а.
— Ломахь хиллий хьо?
— Х1аъ, хилла.
-Хьаьнца ваханера хьо цига?
-Дера ваханера сайн доттаг1чуьнца.
-Х1ун дира аш цигахь?
-Ма хаза 1ийра тхойшиъ!
-Буьйса йоккхуш 1ийрий шу?
-Х1ан-х1а, ца 1ийра.
-Муха хийтира хьуна ломахь?
-Мел хаза дара ломахь!
-Муха дара цигара 1алам, хи?
-Мел дукха хьежарх к1ордор доцуш исбаьхьа дара-кх!
-Кхин г1ур вуй хьо?
-Ву дера.
Хьоме, дешархой, х1окху урокехь шуна девзира дакъалгийн тайпанаш.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна:  лахахь далийначу дакъалгийн тайпанех пайда а оьцуш , предложенеш х1итто хьовса :
Хаттаран – те, техьа, теша
Бакъдаран – ма, ткъа, х1аъ, хьаха
Дацаран – ца, х1ан-х1а, ур-атталла
Ч1аг1даран – м, -х, -кх
Дацар-ч1аг1даран – данне а, аьттехьа а
Хьастаран – аьллийца
Айдаран – мел, ма
Дозатохаран – бен
Цу т1ехь вай урок ерзор ю .
 
 
Тренажер (хаттарш)
 
Муха яздо дешнашца дакъалгаш: те, техьа, теша, ткъа, х1аъ, дера?
(къаьстина яздо)
Муха яздо дешнашца дакъалгаш: -м, -х, -кх?
(дефисца яздо)
3.Муьлха г1уллакхан къамелан дакъош девза шуна? (дешт1аьхье, хуттург, дакъалг, айдардош)
4.Стенах олу дакъалг? (Дешнашна я дийначу предложенешна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу.)
5.Муьлха девза шуна?
 
Пайдаэцна литература:
 
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт- 6 класс» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий», 2013 г.
С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2010 г.
Я.У.Эсхаджиев «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» Грозный. Издательство «Арфа-Пресс», 2012 г.
Тимаев В.Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный ФГУП ИПК «Грозненский рабочий» 2005.
Исмаилов А. «Дош», Грозный, 2005 г.

Close
Яндекс.Метрика