Урок №47 Хуттургаш предложенехь деш долу г1уллакх

Хьоме дешархой, марша дог1ийла шу массо а. Дешарна а, кхетам лакхабаккхарна а т1е ойла яхийтина, керлачу хааршка аш сатесна хиларх тешна ю со. Цундела вай шуьца д1айолор ю вайн рог1ера нохчийн меттан урок.
Вайн урокан тема ю: Хуттургаша предложенехь деш долу г1уллакх.Тахана вай кхид1а дуьйцур ду хуттургех лаьцна, дагадоуьйтур ду хуттургийн тайпанаш, ткъа уггар коьртаниг–хуттургаша предложенехь деш долчу г1уллакх т1ехь совцур ду..
Бераш,  дикка ладог1ий, дийца муьлха къамелан дакъа дуьйцу х1окху стихотворенехь :
Предложенехь дешнаш хуттуш,
Вовшех дузуш,з1е тосуш,
Лелаш ю со цаьрца гуттар
Цундела сох олу …(хуттург).
Х1инца цу стихотворенин чулацам т1ехь алалур дарий шуьга х1ун г1уллакх кхочушдо хуттургаша?
Дешнаш я предложенеш вовшех хутту хуттургаша.
Масала: Хьечаш а, 1ежаш а, кхораш а дара тхан бешахь.
Аьхка бераш хьуьнан ц1азамаш лахьо а доьлху, лийча а луьйчу, буьрканех а ловзу.
Кхетта малх бара , амма хьоькхуш шийла мох бара.
Хьалхарчу предложенехь цхьанатайпанара меженаш(подлежащеш) вовшахтесна хуттургаша;
шолг1ачу предложенехь-цхьанатайпанара сказуемеш;
кхоалг1ачу предложенехь шиъ цхьалхе предложени.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш иштта болх бийр бу.
Д1аязъе. Хуттургаш билгалъе. Дийца, х1ун тайпа синтаксически г1уллакх кхочушдо цара предложенешкахь:
Цхьанатайпанара меженаш вовшахъхутту я чолхечу предложенийн дакъош.
1.Наггахь генахь я пондар хеза, я ж1аьла лета.
2) Бусалбадинан 1илма я 1аьрбийн йоза-дешар халкъо 1амор юьхьанцарчу т1ег1ан т1ехь хадийра х1етахьлерчу 1едало.
3) Хьайна оьшург дика 1алашде, амма х1уманна т1ехь сутара ма хила: к1езиг эшнарг хьолахойл тоьлла.
4) Дауд а, Увайс а, цаьрца цхьаьна эскаре боьлху кегийрхой а райцентре кхаччалц новкъа баха бахара Кесирий, Селитий, Нурседий.
5) Х1ора  деъначу кехато сингаттаман алу тухура коьрте, х1етте а, мел дукха х1ума лур дар-кх Нурбикас тахана, тохара Расула схьадеънарг санна, ц1еххьана к1антера кехат кхочург.
6) Виъ стаг цхьана доьзалера Даймахкехьа болчу т1амехь цхьаьне вер мел боккха лазам белахь а – доккха сий ду доьзална, ткъа вайгара тахана д1адаьккхина вахарал а деза дерг: сий!
Нийса жоп иштта хир ду:
Цхьанатайпанара меженаш вовшахтесна х1окху хуттургаша:
2)Бусалбадинан 1илма я 1аьрбийн йоза-дешар халкъо 1амор юьхьанцарчу т1ег1ан т1ехь хадийра х1етахьлерчу 1едало.
4) Дауд а, Увайс а, цаьрца цхьаьна эскаре боьлху кегийрхой а райцентре кхаччалц новкъа баха бахара Кесирий, Селитий, Нурседий.
1,3,5,6,-г1ачу предложенешкахь йолчу хуттургаша чолхечу предложенийн дакъош вовшахтосу.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай.
Х1ара хуттургаш юкъахь а йолуш, предложенеш ялае, билгалдаккха хуттургийн тайпа.
Амма, а, х1унда аьлча, делахь а, нагахь санна.
Т1едиллар гергарчу хьесапехь иштта кхочушдина хила тарло:
Арахь ч1ог1а шийла яра, амма бераш ц1а дахка дагахь а дацара. (амма–цхьаьнакхетаран дуьхьалара хуттург )
Дотт1аг1 элана а, мискачунна а оьшуш ву. (а-цхьанакхетаран дозаран хуттург)
Селхана Рамзана дийцинарг бакъ ду, х1унда аьлча, тахана балха ца веана иза.( х1унда аьлча –карара бахьанин  хуттург)
1елина юха а шен ц1е йоккхуш хезира, делахь а шена ца хеза кеп х1оттийра цо.(делахь  а –цхьанакхетаран дуьхьалара хуттург)
Тахана Пет1амат хьошалг1а яха дагахь яра, нагахь санна балхара хьалхе ялахь. (нагахь санна– карара бехкаман хуттург)
Тахана вайна девзира хуттургаша предложенехь деш долу г1уллакх.
Ц1ахь бан болх лур бу вай шуна: жима сочинени язъе «Тешамал сийлахь х1ума дац», хуттургех пайдаоьцуш.
Пайдаэцна литература:
1.В.А.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс»Грозный ГУ «Книжное 2011 шо»
2.Эсхаджиев Я. У. « Юккъерачушколехьнохчийнметтанорфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С. Э «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала  2012 шо.
4. Эдилов С. Э « Нохчийнметтансинтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005 шо.
 
 
 
 
Урок х1оттийнарг: АбуеваТовман Ильмадиевна,Соьлжа-г1аларчу №56 йолчуюккъерчушколаннохчийнметтана,литературан а хьехархо.
 
Т1едиллар 2.Нийсаниг харжа.
1.Муьлхачу къамеландекъанбилгалонаш ю х1орш: предложенехьмеженаш я чолхечупредложенийндакъошвовшахтосу. Иза ю :
а)  дешт1аьхье;  б) куцдош;  в) хуттург.
 
2.Муьлхачу хаттаршнажоплохуттурго?
а) мича? мичахь? мичара?
б) маца? муха?
в) хаттаршнажопцало.
 
3.Предложенехь х1ун маь1на ду хуттурган?
а) коьрта меже хуьлийлела;
б) вовшахтосуцхьанатайпанарамеженаш а, чолхепредложенийндакъош а.
в) еккъакоьртаза меже хуьлийлела.
 
4.Маь1не хьаьжжинамуьлхачудоккхачу шина декъеекъалохуттургаш :
а) дозаран а, дуьхьалара;
б) хенан а,1алашонан а;
в) цхьанакхетаран а ,карара а .
 
5.Шайн х1оттаме хьаьжнамуьлхачудекъеекъалохуттургаш?
а)чолхе а ,цхьалхе а;
б) еккъацьалхе;
в) цхьалхе а ,х1оттаман а.
 
Вовшашкарабелхашсхьаэцийталлашаьшнийсайиний.
Жоп :1-в; 2-в; 3-б; 4- в; 5-в.

Close
Яндекс.Метрика