Урок №15. Билгалдешнийн легар, церан нийса яздар.

Де дика хуьлда шун, хьоме  дешархой!
Вай юха а цхаьна д1ахьур ю вайн ненан меттан урок.
-Таханлерчу урокехь вай дуьйцур ду билгалдешнийн легарх а, церанний саяздарх а лаьцна. Цкъа хьалха  вай карладоккхур ду билгалдош. Ас хаттарлур  ду,ткъа шу жоп дала кечло.
Х1уманан билгало гойту
Къамелан дакъа ду со.
Муха ю? Я хьенан? Стенан?
Хаттаршна аса жоьпаш ло.
Нийса боху: билгалдош ду.
-Билгалдешнийн легарш церан форманашкий,тайпанашкий хьаьжжина къастош ду. Вайн маттахь билгалдешнийн  ши легар ду: хьалхарий,шолг1ий.
1. Лач дожаршкахь –чу – чаккхе йолуш, цхьанакепара хийцалуш долу лаамаза  билгалдешнаш хьалхарчу легарна чу дог1у.
Масала: лекха керт, йоккха йо1, жима к1ант, юккъера кор, таханлера де.
Хьалхарчу легаран билгалдешнаш лаамаза а, мухаллин а, меттиган, хенан, юкъаметтигаллин а ду.
Масала:
Шийла шовда, йистера кор, стохкалера шо.
Легор ду вай лекха керт боху лаамаза билгалдош.
Ц1ерниг       лекха керт
Доланиг       лекхачу кертан
Лург            лекхачу кертана
Дийриг         лекхачу керто
Коьчалниг    лекхачу кертаца
Хотталург    лекхачу кертах
Меттигниг    лекхачу керте
Дустург       лекхачу кертал.
-Вай лакхахь ма-аллара х1окху дешнийн цхьанакхетарехь лач дожаршкахь –чу чаккхе ю,уьш хьалхарчу легарна юкъадог1у.
-Доланиг дожарх  хилла лаамаза билгалдош шолг1ачу легарна юкъадог1у.
-Шолг1ачу легарехь дерш лаамаза юкъаметтигаллин а,доладерзоран а билгалдешнаш ду.
Легор ду вай  г1амаран аре – боху юкьаметтигаллин а, лоьран говзалла – доладерзоран а  лаамаза  билгалдешнаш.
Ц1ерниг        г1амаран аре                             лоьран говзалла
Доланиг        г1амаран аренан                        лоьран говзаллин
Лург             г1амаран арена                           лоьран говзаллина
Дийриг          г1амаран арено                          лоьран говзалло
Коьчалниг     г1амаран аренца                        лоьран говзаллица
Хотталург     г1амаран аренах                         лоьран говзаллах
Меттигниг     г1амаран арене                           лоьран говзалле
Д устург        г1амаран аренал                        лоьран говзаллал
-Билгалдешнийн нийсаяздаран коьрта бакъонаш кху кепара ю:
Шина дешдекъах лаьттачу мухаллин билгалдешнийн лач дожаршкахь -а -яздеш лардан доца мукъа элп –а-.масала:
Лекха к1ант — лекхачу к1ентан,  
жима йо1 — жимачу йоь1ан
оьзда хьаша — оьздачу хьешаца
Шиннал сов дешдакъа долчу лаамазчу билгалдешнийн – ар-, -ер, -лер суффиксаш ца хуьлуш йолу чаккхе–а лач дожаршкахь д1айовш ю,цундела лач дожаршкахь иза ца язйо.
Масала: юккъера ишкол – юккъерчу ишколехь,
йистера кор – йистерчу корехь
,юьртара хьаша – юьртарчу хьешаца.
Х1инца вай тидаме ,оьцу лаамечу билгалдешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь хийцадалар:
Масала:  цхьаллин терахь                                                        дукхаллин терахь
               Ц1. воккханиг                                                                Ц1. баккхийнаш
               Дл. воккхачун                                                                Дл. баккхийчеран
               Л. воккхачунна                                                              Л. баккхийчарна
               Др. воккхачо                                                                  Др. баккхийчара
               К. воккхачуьнца                                                             К. бакххийчаьрца
               Х. воккхачух                                                                  Х. баккхийчарах
               М. воккхачуьнга                                                             М. баккхийчаьрга
               Дс. воккхачул                                                                Дс. баккхийчарал.
-Доланиг дожарх хилла шишша я кхоккха цхьаьна лела чолхе билгалдешнаш дефисца яздо.
Масала:
нохчийн – г1алг1айн – оьрсийн дошам (чеченско-ингушско-русский словарь),
оьрсийн – нохчийн дошам (русско-чеченский словарь).
Дош карладоккхуш кхолладелла чолхе билгалдешнаш дефисца яздо .
Масала:
тайп-тайпана, дик – дика,
хаз –хаза,жим – жима,керл – керла,
лох –лоха,йокх –йоккха.
Терахьдош,ц1ердош цхаьнакхетарх хилла чолхе билгалдешнаш цхьаьна яздо:
Масала:
барх1шеран ишкол, цхьайтташеран ишкол, пхеашеран  план.
Ц1ердош, билгалдош цхьаьнакхетарх хилла чолхе билгалдешнаш цхьаьна яздо.
Масала:
догц1ена стаг,догдика стаг,догдика адам,догмайра иччархо,догц1енаниг,догдиканиг,догмайраниг.
Шишша я кхоккха цхаьна лела мухаллин чолхе билгалдешнаш дефисца яздо.
Масала:
ц1ен-къорза, юткъа-еха,
ц1ен-горга, сирла-ц1ен.
таь1на-ц1ен, ц1ен-расха.
таь1на-ц1ен-можа,
Мухаллин шина декъах цхьаъ къастош долу чолхе мухаллин билгалдош дефисца яздо:.                            
Масала:
дика – вон (дика я вон), лекха – лоха (лекха я лоха).
Мухаллин барам къастош долу чолхе билгалдош а дефисца яздо.
Масала:
ц1арула –ц1ен, бела- баьццара
лилула –сийна,шурула –к1айн
к1арула – 1аьржа,барула – можа.
Ткъа х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, лааме а лаамаза билгалдешнаш къастош текстаца болх бийр бу вай.
Тхан юьртахь шен г1иллакх лардарца,оьздангаллица вевзина цхьа жима  къонах  1усман.
Цо ч1ог1а сий дора воккхачун.
Воккхачуьнга а,жимачуьнга а дика ладуг1уш а,церан терго еш а хуьлура иза.
Баккхийчеран сий дар а,тергояр а кхочуш ца дича,йишйоцу г1уллакх лорура 1усмана.
жима къонах— лаамаза билгалдош
воккхачун, воккхачуьнга, жимачуьнга, баккхийчеран    —  лааме билгалдешнаш
Таханлера вайн урок ерзош нохчийн маттах лаьцна дешнаш ала лаьа суна:
Ненан мотт – деган хьоста ду олуш ду вайн.
Хьоста -иза шатайпа, башха ногъетташ, эсалчу озаца къамеле даьлла, лаьттах бухдуьйлу шийла шовда ду.
Иштта дагах бух дуьйлу хьоста ду вайн ненан мотт а.
Тахана нохчийн маттах лаьцна дуккха а дуьйцу вайн поэташа а, яздархоша а, 1илманчаша а. Ткъа иштта дагах хьакхалуш хаза дешнаш аьлла Юсупов 1аьзима:
 «Аганан иллица со вижош,нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь.
Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана,
Хьомсара нохчийн  мотт,хьо бахалахь!»
Цу т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.
1одика йойла шун,марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамолханов З.Д,,Чинхоева Т.Н. «Нохчийнмотт 10 класс.» Соьлжа-г1ала 2011г.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика 5-11кл.» Соьлжа –г1ала 2012г.
Эдилов С.Э. «Нохчийн метан практикум».ФГУП «ИПК» Грозненский рабочий,2011г.
Таллам (1илманан дешарантептар). Соьлжа-г1ала 2013г.

Close
Яндекс.Метрика