Урок №16. Терахьдешнийн кхолладалар, легар, нийсаяздар.

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Таханлерачу вайн урокехь вай дуьйцур ду терахьдешнийн кхолладаларх, церан легарх, нийсаяздарах лаьцна.
Цкъа хьалха терахьдош стенах олу дагадоуьйтур ду вай.
Ас цхьа байт йоьшур ю, ткъа шу жоп дала хьовса, стенах лаьцна ю и?
Гонаха мел дерг дагардеш,
Гойту мел ю, хьесапдеш:
Маса ю уьш ягарйо,
Билгалйоккху рог1алла,   
Гулйо, оьцу, юха йоькъу,
Маса, мел ю гойтуш, хьоьху.
Цунах дерг ахь ала дош
Хир ду иза (терахьдош)
-Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
-Цо жоп ло маса? масалг1а бохучу хаттаршна.
-Масаллин терахьдешнех кхоллало рог1аллин а,шайх куцдешнаш хуьлуш долу эцаран а терахьдешнаш.
-Уьш кхоллалуш,вайна гучуйовлу церан дошкхолларан суффиксаш,цаьрца цхьаьна церан ораман аьзнийн хийцадаларан кепаш а.
-Цу терахьдешнийн нийсаяздар церан орамера мукъа аьзнаш хийцадаларе хьаьжжина хуьлу.
Терахьдешнийн кхолладалр а,церан ораман аьзнийн хийцадалар а кху кепара нисло:                           
1) а(я) –о –не доьрзу:
Барх1 — борх1алг1а — борх1азза — борх1азлаг1а
Ялх — йолхалг1а — йолхазза — йолхазлаг1а
2) И — о-не а, оь-не доьрзу
Шиъ — шолг1а — шозза — шозлаг1а
Диъ — доьалг1а — доьазза — доьазлаг1а
3) И — уь-не доьрзу
Исс — уьссалг1а — уьссазза — уьссазлаг1а
Итт — уьтталг1а — уьттазза — уьттазлаг1а.
4) Ий — уьй:
Шийтта – шуьйтталг1а – шуьйттазза – шуьйттазлаг1а.
Пхийтта – пхуьйтталг1а – пхуьйттазза – пхуьйттазлаг1а.
5) О — о:
Ворх1 – ворх1алг1а – ворх1азза – ворх1азлаг1а.
6) Ов – ов:
Шовзткъа – шовзткъалг1а – шовзткъазза – шовзткъазлаг1а
7) У-у-хийца ца ло
кхузткъа – кхузткъалг1а – кхузткъазза – кхузткъазлаг1а.
8) Е – о:
Б1е – б1олг1а – б1озза – б1озлог1а.
9) Я –йо-не доьрзу
Ялхитта – йолхуьтталг1а – йолхуьттазза – йолхуьттазлаг1а.
-Терахьдешнийн легар кху кепара ду.Тидам бийр бу вай легочу терахьдешнийн.
 
Масаллин
рог1аллин
декъаран
Ц1ерниг
пхиъ
пхоьалг1а
пхиппа
Доланиг
пхеаннан
пхоьалг1ачун
пхиппаннан
Лург
пхеанна
пхоьалг1ачунна
пхиппанна
Дийриг
пхеамма(мо)
пхоьалг1ачо
пхиппамма (мо)
Дийриг
пхеанца
пхоьалг1ачуьнца
пхиппанца
Хотталург
пхеаннах
пхоьалг1ачух
пхиппаннах
Меттигниг
пхеанга
пхоьалг1ачуьнга
пхиппанга
Дустург
пхеаннал
пхоьалг1ачул 
пхиппаннал
-Х1инца вай дуьйцур ду терахьдешнийн нийсаяздарх лаьцна
-Лааме масаллин терахьдош цхаъ яздо, цхьа орам ларбеш, чаккхенга йишхадоран хьаьрк (ъ) дуьллуш: цхаъ.
Цхаъ, шиъ, кхоъ, пхиъ бохучу масаллин терахьдешнех цхьалхе декъаран терахьдешнаш хуьлуш, чаккхенгара йишхадоран хьаьрк (ъ) д1адовш, юьххьера мукъаза элп шалхадолу чаккхенгарчу а –на хьалха. Церан алар, яздар кху кепара хила деза.
Масала :
цхьаъ – цхьацца
кхоъ — кхоккха
шиъ – шишша
пхиъ – пхиппа
-Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо. \
Масала:
ииъ — виъ стаг
йиъ — йиъ книга
диъ – диъ тетрадь
биъ – биъ къолам
-Чолхе – билгалза масаллин терахьдешнаш дефисца яздо.
Масала:
цхьа – ши стаг
кхоъ – виъ к1ант
пхи — ялх дешархо
-Х1оттаман терахьдешнашна юкъахь долу х1ора дош а къаьстина яздо.
Масала:
ткъе ялх, эзар ворх1 б1е ткъе барх1.
-Ах (эха) боху терахьдош шеца долчу ц1ердешах къаьстина яздо.
-Шех цхьана х1уманан цхьа ц1е хуьлучу ц1ердашехь ах (эха) боху терахьдош цхьана яздо. Масала:
ах мах, эха мехах, ах меттиг, эха меттигехь, ах керт.
ахг1айре, ахколони, ахсом, ахшо.  
-Цхьайттангара ткъаяссанга кхаччалц берх1итта юкъалоцуш долчу чолхечу масаллин терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхеттачохь, хьалхарчу ораман чаккхенгарчу мукъачу элпана т1ехьа – йтта, мукъазчунна т1ехьа — итта яздо.
Масала:
цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, ялхитта, вуьрхйитта, берх1итта.
Масаллин терахьдешнаш 40,60,80,100,1000,19 кху кепара яздо. Масала:
шовзткъа, кхузткъа, дезткъа, б1е, эзар, ткъайоьсна.
-Ткъа х1инца аса шуна х1етал –металш далор ду,ткъа шу жоп дала хьовса:
Х1етал-метал хаийла шуна:
Цхьана тхов к1ел лаьтта виъ ваша.    
(стол)
Цхьана некъал дехьий –  сехьий 1аш волу,вовшийн гуш воцу ши ваша (ши б1аьрг)
1уьйранна беа кога т1ехь,делкъанна шина кога т1ехь,суьйранна кхаа кога т1ехь (адам)
Цхьана 1уьно эзар уьстаг1 бажабо.
(бутт, седарчий)
Таханлерчу урокехь вайна девзи терахьдешнийн кхолладаларх лаьцнарг, церан легар,нийсаяздаран бакъонаш а.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна:
-Шаьш дага а лоцуш, ялх предложени язъе, масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш юкъахь а долуш
-Вайн урок ерзош нохчийн маттах лаьцна дешнаш ала лаьа суна.
-Массо а стаг, муьлхха а къома велахь а, шен ненан маттаца кхуьу.
-«Ненан мотт» х1унда аьлла цунах?
-Ша дуьненчу даьлча, ненера хеза берана шен къоман маттахь дуьххьара дош.
-Нанас марзбо цунна иза, нанас даг чу дуьллу шен берана къоман диканиг, сирланиг, сийлахьниг.Ненан меттан, шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Цунах лаьцна хаза дешнаш аьлла Айдамиров Абузара:
Со вина Кавказан ломахь
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Цу т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.
-1одика йойла шун, марша 1айла!

Close
Яндекс.Метрика