Урок №14. Къамелан дакъош. Ц1ердешнийн легарш, церан нийсаяздар

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац.
Цундела вай ларбан беза, х1аллакх ца хулуьйтуш, 1алашбеш, схьабеана вешан мотт.
Урокан тема: » Къамелан дакъош. Ц1ердешнийн легарш, церан нийсаяздар.»  
Шайн грамматически форманашца а, билгалонашца а, маь1нашца а, башхаллашца а вовшех къестачу  дешнийн тобанех къамелан  дакъош олу.
Къамелехь уггаре дукха лелаш а, коьрта къамелан дакъа ду ц1ердош.
Х1ума билгалъечу къамелан декъах ц1ердош олу. Цо жоп ло мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна.
Карладоккхур ду вай масалш а далош, ц1ердашах 1амийнарг.
Ц1ердешнаш тайп — тайпана маь1наш долуш хуьлу:
1) 1алам, 1аламан хиламаш гойтуш: дог1а, малх, ткъес, латта, седа, дохк, стела1ад;
2) вахар готуш: ц1а, оти, туьнталг, божал, беш;
3) класса чохь йолу х1уманаш гойтуш: сурт, йозанан у, кирб1елиг, г1ант;
4) адаман амал гойтуш долу дешнаш: дикалла, волла, майралла, доьналла;
5) говзалла гойтурш: лор, пондарча, хьехархо, хехо;
6) х1уман билгало гойтурш: шоралла, жималла, хазалла.
-Ц1ердешнийн грамматически билгалонаш кху кепара ю:
1) ц1ердешнаша х1уманаш билгалйо;     
2) юкъара а, долахь а хуьлу; 
3) цхьаллин а, дукхаллин а терахьашца хийцало;  
4) грамматически классаш ю;
5) дожаршца хийцало; 
6) легарш ду;
7) предложенехь подлежащи, сказуеми, кхачам, латтам хуьлий лела.
Масала: К1ант школе воьду. (к1ант -подлежаши ду) 
К1ант школе вигира нанас. (к1ант — нийса кхачам бу)
-Ц1едешнийн 8 дожар ду:
Ц1ерниг       мила? муьлш? х1ун?     нана
Доланиг       хьенан? стенан?            ненан
Лург            хьанна? стенна?             нанна
Дийриг         хьан? стен?                    нанас
Коьчалниг    хьаьнца? стенца?           ненаца
Хотталург    хьанах? стенах?             ненах
Меттигниг    хьаьнга? стенга?             нене
Дустург        хьанал? стенал?            ненал
-Дешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу.
-Муьлххачу а маттахь ц1ердешнийн легарш, церан башхаллаш, дожарий чаккхенаш нийсаязъяр, церан бакъонаш къестош а, 1амош а хуьлу.
Нохчийн маттахь ц1ердешнийн легарш цхьаллин терахьан коьчалниг дожаран чаккхенашца къастош хуьлу.
-Вайн маттахь ц1ардешнийн диъ легар ду.
1-ра легар:- ца,- аца: бахам- ца, кор- аца
2-г1а легар:- нца,-арца: верта-нца, наб-арца
3-г1а легар:- ица: веш-ица, йиш-ица, мам-ица
4-г1а легар:- чуьнца: белхало-чуьнца, лулахо-чуьнца
-Схьаяздийр ду вай ц1ердешнаш х1окху рог1аллехь: шайн-шайн легаршна чу д1а а нисдеш.
аьхке, момсар, кхор, йовхо, к1омсар, ахархо, дошло, г1ала, хьоста, баба, 1ашло, доьхка, къонах, чамда, йийбар, ваша.
хьалхара легар                шолг1а легар        къоалг1а легар        доьалг1а легар
йийбар                               аьхке                     чамда                      ахархо
момсар                              йовхо                     г1ала                       дошло
кхор                                   хьоста                   ваша                        г1ашло
к1омсар                             доьхка                   баба                         къонах
-Х1инца вай дуьйцур ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъарх лаьцна.
Дукхаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь –ш- т1екхетачу 1-чу легаран ц1ердешан хотталург дожаран цхьаллин терахьан чаккхе -х -язйо, ткъа-аш- т1екхеттачу хотталург дожаран чаккхе-ах- язйо.
Масала:
тускар-ш, тускар-х
бахам-аш бахам-ах
тукар-ш, тукар-х
адам-аш, адам-ах.     
1-чу легаран ц1ердешнийн ц1ерниг дожаран чаккхенгахь — м, н, и, р, в, д, г, к лург, коьчалниг дожаршкахь орамний, чаккхенний юкъахь -а ца яздо.
Масала:
хорсам — хорсамна
Хьасан — Хьасанца
векал — векална-векалца
Ахьмад — Ахьмадна, Ахьмадца.
— Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешнашкахь орамний, чаккхенний юккъе -а яздо.
Масала:
лор — лоьрана-лоьраца
сом — соьмана- соьмаца
лом — лоьмана- лоьмаца  
Чаккхенгахь -н-долчу ц1ердешан лург дожарехь, ораман -н -, чаккхенан юьххьера -н цхьанакхетарца чаккхенна хьалха -а ца х1утту.
Масала:
пен — пенна
бен — бенна
хен — хенна
-Хьалхарчу легарна чу йог1учу адамийн юкъарчу ц1ерийн дийриг дожаран чаккхе -а ца язъеш -о язъян еза.
Масала:
лор — лоьро
техник — технико
физик — физико.
-Шолг1ачу легаран ц1ердешнийн коьчалниг дожарехь, чаккхенаш -нца, -арца хилла ца 1аш, церан варианташ а хьулу.
— анца,- наца,- маца,- рца,- раца,- нарца,
ахча — ахчанца
наб — набарца
лам — ламанца
1аь — 1аьнарца
ка — коьмаца
Чаккхенгахь -и долчу 3-чу легаран ц1ердешнийн хотталург, дустург дожарийн чаккхенаш цхьаллин терахьех -их, -ил дукхаллин терахьехь -ех,- ел язйо.
Масала:
илли — иллих — иллил
иллеш — иллех — иллел
лами — ламих — ламил
ламеш — ламех — ламел
Чаккхенгахь -и долчу 3-чу легаран ц1ердешнийн доланиг дожаран чаккхе цхьаллин терахьехь -ин-дукхаллин терахьехь -ийн язйо.
масала:
илли — иллин — иллийн дешнаш 
предложени — предложенин — предложенийн дешнаш  
-Доьалг1ачу легаран ц1ердешнийн цхьаллин терахьан лач дожарийн чаккхенаш кху кепара язйо.
чун -чунна,- чо,- чуьнца,- чух,- чуьнга,- чул,
масала:
ламанхо, ламанхочун, ламанхочунна, ламанхочо, ламанхочуьнца, ламанхочух, ламанхочуьнга, ламанхочул.
-Тахана, ц1ердешнийн легарш, церан нийсаяздарх лаьцна дийцира вай.
-Х1ора а легарна чу дог1учу ц1ердешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр а довзийти шуна .
Цу т1ехь урок ерзор ю вай.
Шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика