Канаев Ромазанан Румиса

Канаев Ромазанан Румиса – Хьалха-Мартан № 5 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Иза йина 14 августехь 1963–чу шарахь, Хьалха-Мартан тIехь.
1971-чу шарахь деша яхана Хьалха-мартан №3 йолчу юккъерчу школе. 1982-чу шарахь  чекхъяьккхина юккъера школа.
1983 –чу шарахь деша хIоьттира ЧИГУ (факультет русского языка и литературы, чеченского языка и литературы) дешна елира 1989 –чу шарахь.
1992-чу шарахь дуьйна нохчийн меттан а, литературан а хьехархо болх бина 58-чу юккъерчу школехь. 2006-чу шарахь Хьалха-Мартан № 5 йолчу юккъерчу школе балха хIоььтира. ХIеттахь дуьйна цу школехь болх беш схьайогIуш ю тIекхуьучу къоначу чкъурана нохчийн мотт хьехарехь а, и марзбарехь къахьегарца. Балха тIехь кхиамаш хиларна дуккха а Дешаран урхаллин цIарах а, школин цIарах а сийлаллин грамоташца совгIаташ дина Румисина.

Close