Яхъяев Мохьмадан Леча

Яхъяев Мохьмадан Леча вина октябрь беттан 1 дийнахь 1952-чу шарахь Семипалатинск-гIалахь Касахстанехь махкахбаьккхинчу нохчийн доьзалехь. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа деша вахна ГихтIарчу юккъерчу школе. Школехь дешначул тIаьхьа цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цул тIаьхьа белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: «Ленинан некъ» газетехь, «Новая газета», «Свобода» газетийн коьрта редактор, республикин администрацин куьйгалхочун пресс-секретарь, Нохчийн Республикин Президентан гIоьнча, кхин а. Яхъяев Лечин кхоллараллин некъ болабелла и школехь доьшуш волуш, амма кхиаре бирзина университетехь доьшучу хенахь. 1975-чу шарахь къоначу яздархоша вовшахтуху литературин цхьаьнакхетаралла «Пхьармат». Оцу «Пхьарматехула» чекхваьлла Яхъяев Леча а. Яздархочо шен лар йитина поэзехь, прозехь, драматургехь, публицистикехь. Цо язйина: «Тхо даьхна», «Зелимханах илли», «Кавказан лом» поэмаш, «Гиххойн Таймасха» роман, пьесаш «Iаьржа чIаба», «Нигат». Яхъяев Лечин произведенешкахь коьрта меттиг дIалоцу нохчийн халкъан дахаро а, кхолламо а, иштта къоман амалша а. Публицистикехь а йоккха лар йитина яздархочо. Цуьнан статьяш, интервьюш, иштта кхийолу материалаш кест-кеста еша таро хуьлу газетийн, журналийн агIонаш тIехь.

Close
Яндекс.Метрика