4 класс. Урок №41 «Iамийнарг карладаккхар. Терахьдош»

ТЕМА: 1амийнарг карладаккхар. Терахьдош.

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Тахана вай терахьдашах 1амийнарг карладоккхур  ду.

-Шуна дагадог1ий, стенах олу терахьдош?

Слайд:

Терахьдош къамелан дакъа ду. Х1уманийн масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.  

Масала:

 Цхьаъ, итт, исс, хьалхара, уьтталг1а, уьссалг1а.

-Хьовсур ду вай х1ун башхалла ю аьрру а, аьтту а б1ог1амалгашкарчу терахьдешнашна юккъехь.

Слайд:

Цхьаъ-хьалхара

Шиъ-шолг1а

Кхоъ-кхоалг1а

Диъ-доьалг1а

Пхиъ-пхоьалг1а

Ялх-йолхалг1а

Ворх1-ворх1алг1а

Барх1-борх1алг1а

Исс-уьссалг1а

Итт-уьтталг1а

-Т1ера схьаязде цкъа хьалха маса? бохучу хаттарна жоп луш долу терахьдешнаш, т1аккха-масалг1а? хаттарна жоп луш дерш.

-Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Маса? цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх, ворх1, барх1, исс, итт.

Масалг1а? хьалхара, шолг1а, кхоалг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, йолхалг1а, ворх1алг1а, борх1алг1а, уьссалг1а, уьтталг1а.

-Терахьдешнаш масаллин а, рог1аллин а хуьлу. Масаллин терахьдешнаша х1уманан масалла гойту. Цара маса? бохучу хаттарна жоп ло: цхьаъ, шиъ, кхоъ.

-Рог1аллин терахьдешнаша х1уманан рог1алла гойту. Цара масалг1а? бохучу хаттарна жоп ло: хьалхара, шолг1а, кхоалг1а.

1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочуш дийр дув ай.

Лахара масаллин терахьдешнаш, рог1аллин терахьдешнашка а дерзош, д1аязде. Дийца, муьлхачухаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо:

Слайд:

Ткъа, кхоъ, пхиъ, дезткъа, диъ, шиъ, исс, ялх, кхузткъа, кхойтта.

-Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Ткъолг1а, кхоалг1а, пхоьалг1а, доьзткъолг1а, доьалг1а, шолг1а, уьссалг1а, йолхалг1а, кхузткъолг1а, кхойтталг1а.

-Таханлерчу урокехь вай карладаьккхи къамелан дакъа терахьдош. Хии терахьдешнаш масаллин, рог1аллин хилар.

— Кху т1ехь ерзор ю вай вешан урок! Нохчийн маттах долу хаарш 1амо а, кхио а, довза а лаам хуьлийла шун!

-1одикайойла! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика