4 класс. Урок №40 «Iамийнарг карладаккхар. Билгалдош»

Урокан ц1е :1амийнарг карладаккхар. Билгалдош.

-Маршалла ду шуьга, хьоме  дешархой! Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн  меттан урок. Тахана  вай билгалдашах 1амийнарг карладоккхур  ду.

Ладог1а дийцаре:

Бераш хьуьнах дахара шайн хьехархочуьнца. Цигахь царна доккхачу дитта т1ехь цхьа  жима, ц1ег1очу басахь долу ,экха гира.Цуьнан ира цергаш а ,горга кегий б1аьргаш а ,доккха месала ц1ога а дара.Иза хьуьнах дехаш 1аш хуьлу , диттах жима 1уьрг доккхий ,цу чохь шеен бен а бой.

-Х1ун  экха ду дуьйцург? Муьлхачу дешнаша г1о дира шуна и экха довзуьйтуш?

-Жима, ц1ег1очу, ира, горга ,доккха , месала, жима-х1окху дешнаша г1о дира вайна и экха довза. Церан хаттарш ду: муха ?мухачу?

-Шуна дагадог1ий, х1ун олу оцу дешнех?

-Уьш билгалдешнаш ду.

Слайд:

Билгалдош -къамелан дакъа  ду.  Цо х1умананан  билгало гойту . Муха? муханиг? хьенан? стенан? бохучу   хаттаршна жоп  ло.

Слайд: Х1окху ц1ердешнашна маь1ница дог1у билгалдешнаш даладе.

Етт (муха ? муханиг?)…., дитт … , бамба …, зезаг…, стаг…;

Ж1аьла (хьенан?)… , га (стенан?) … ,г1овла (стенан?), йовлакх (хьенан?).

Слайд:

Толлу вай

Етт (муха ? муханиг?) ц1ен, ц1ениг, дитт лекха, лекханиг  , бамба  к1еда,к1еданиг, зезаг можа, можаниг , стаг воккха ,воккханиг ;

Ж1аьла (хьенан?) вешин, га (стенан?) диттан  ,г1овла (стенан?)маьнгин , йовлакх (хьенан?) йишин.

Билгалдешнаш лааме а,  лаамаза а хуьлу. Муха? хаттарна жоп луш ,ц1ердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех лааме билгалдешнаш олу:лекха дитт.

Лааме билгалдош ша лела .Иза кхоллало лаамазчу билгалдашна т1е –ниг кхетарца. Цо муханиг?муьлханиг? бохучу хаттаршна жоп ло: лекханиг, мерзаниг.

Билгалдешнаш хийцало терахьашца а ,дожаршца а.

Слайд:

Терахьашца хийца билгалдешнаш:

Беха некъ-

Йоккха юрт-

Воккханиг-

Диканиг-

Слайд

Толлу вай.

Беха некъ-деха некъаш

Йоккха юрт-яккхий ярташ

Воккханиг-баккхийнаш

Диканиг-диканаш

Х1инца билгалдешнаш легор ду  вай.

Ц1. хаза к1ант                   воккханиг

Дл. хазачу к1ентан            воккхачун

Л. хазачу к1антана             воккхачунна

Др. хазачу к1анта               воккхачо

К. хазачу к1антаца               воккхачуьнца

Х. хазачу к1антах                 воккхачух

М. хазачу к1анте                   воккхачуьнга

Дс. хазачу к1антал                воккхачул

Дагахь латтаде: Билгалдешнийн ши  легар ду.Хьалхарчу легарна чу дог1у  муха? бохучу хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.

Шолг1ачу легарна чу дог1у  муханиг ? бохучу хаттарна жоп луш долу лааме билгалдешнаш.

Кхин цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду  вай.

Слайд

Билгалдешнийн дожар, терахь билгалдаккха. Предложенийн муьлха меже ю билгалдешнаш.

Керлачу норо нехаш ц1ена йоху.

Вежарийн безам-т1улгал а ч1ог1а бу.

Яьсса х1ума-ч1ог1а ека.

Боца муш тоьла  десачу къамелал.

 Толлу вай.

Керлачу (норо)-дийриг дожар,цхьаллин терахь,предложенехь-подлежащи.

Вежарийн (безам) –ц1ерниг дожар,цхьаллин терахь,предложенехь-къастам

Яьсса х1ума- ц1ерниг дожар, цхьаллин терахь,предложенехь-къастам

Боца муш -ц1ерниг дожар, цхьаллин терахь ,предложенехь-къастам

Десачу къамелал —  дустург дожар, цхьаллин терахь , предложенехь-къастам

Дагадаийта билгалдешан дожар муха билгалдоккху.

Билгалдешан дожар шеца уьйр йолчу ц1ердешан дожаре хьаьжжина хуьлу.

-Тахана  вай билгалдашах 1амийнарг карладаьккхи.

—    1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочуш а ди.

-Кху т1ехь вайн урок чекхъели.

-1одика йойла  шун!  Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература:

1. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 4 класс

 -Соьлжа-г1ала:  АО «ИПК « Грозненский рабочий» -2017

2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис                                    Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник                          Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985

3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо

4.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала  2012  шо. 5.З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство» .

Close
Яндекс.Метрика