Ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар.
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Тахана вай ц1ердашах 1амийнарг карладоккхур ду.
-Шуна дагадог1ий, стенах олу ц1ердош?
Слайд:
Ц1ердош къамелан дакъа ду. Цо х1уманаш, адам билгалдо. Мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп ло.
Масала:
Мила? йо1, муьлш? дешархой, х1ун? т1оьрмиг.
-Ц1ердешнаш дожаршца хийцало:
Слайд:
Ц1. к1ант
Дл. к1ентан
Л. к1антана
Др. к1анта
К. к1антаца
Х. к1антах
М. к1анте
Дс. к1антал
-Ц1ердешнаш терахьашца а хийцало:
Слайд:
К1ант- к1ентий
Коч- кучамаш
Марха- мархаш
Стака- стаканаш.
-Ткъа х1инца ала, шуна дагайог1ий ц1ердешнийн классаш?
— Дагайоуьйтур вай уьш:
Слайд:
1-ра класс (божарийн): к1ант ву, к1ентий бу;
2-г1а класс (зударийн): йиша ю, йижарий бу;
Слайд:
3-г1а класс (кхийолчу х1умнийн):
а) не1 ю, не1арш ю;
б)къоламбу, къоламашду;
в) дог1а ду, дог1анаш ду;
г) 1аж бу, 1ежаш ду.
-Кхид1а хьовсур вай шуна дагадог1ий ц1ердешнийн легарш. Маса ду уьш?
Слайд:
Ц1ердешнийн легар диъ ду:
1-ралегар — ца, — аца;
2-г1алегар – нца, — рца;
3-г1алегар — ица;
4-г1алегар–чуьнца.
-Ц1ердешнийн легар, вайна ма-хаъара, билгалдоккху коьчалниг дожаре а доккхий.
Слайд:
Масала:
1-ра: б1ог1ам- б1ог1амца, куьг- куьгаца;
2-г1а: г1овг1а- г1овг1анца, наб- набарца;
3-г1а: йиша- йишица;
4-г1а: хьехархо- хьехархочуьнца.
-1амийнарг т1еч1аг1деш кхочушдийр дув ай цхьа т1едиллар:
Слайд:
Кхокха
Лаьмнашна
б1ов
Адамо
Дог1анах
Олхазаршца
Иччархо
Берзалой
Хорбаз
Юьртан.
-Билгалдаккха оцу ц1ердешнийн терахь, дожар, класс, легар.
-Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:
Слайд:
Кхокха— цхь.тер., Ц1.д., 3-г1а кл., 2-г1а лег.
лаьмнашна— дукх.тер., Л.д., 3-г1а кл., 2-г1а лег.
б1ов— цхь.тер., Ц1.д., 3-г1а кл., 1-ра лег.
адамо— цхь.тер., Др.д., 3-г1а кл., 1-ра лег.
дог1анах— цхь.тер., Х.д., 3-г1а кл., 2-г1а лег.
олхазаршца— дукх.тер., К.д., 3-г1а кл., 1-ра лег.
иччархо— цхь.тер., Ц1.д., 1-ра кл., 4-г1а лег.
берзалой— дукх.тер., Ц1.д., 3-г1а кл., 1-ра лег.
хорбаз— цхь.тер.. Ц1.д.. 3-г1а кл., 1-ра лег.
юьртан-цхь.тер., Дл.д., 3-г1а кл., 1-ра лег..
-Тахана вай ц1ердашах 1амийнарг карладаьккхи.
-Ц1ердашах лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочуш а ди.
-Кху т1ехь вайн урок чекхъели. -1одика йойла шун! Марша 1ойла!