Урок. Хандешан билгалза кеп.
— Вай кхин д1а а дуьйцур ду хандашах лаьцна.
Цуьнан цхьа шатайпа кепах лаьцна.
-Дагадоуьйту, хандашо х1ун гойту?
Хандашо дар я хилар гойту.
-Цуьнан шеран санна х1ун ю?
Хенаш ю: карара хан, яхана хан, йог1у хан.
Слайд:
Масала:
Ас олу
аьлла
эр ду
ала
х1ун до?-олу/карара хан/,
х1ун дина?-аьлла/яхана хан/,
х1ун дийр ду?- эр ду/йог1у хан/.
-Ткъа ала? Маца ала деза? Муьлхачу хенахь лаьтташ ду и хандош?
Цо хан ца гойту.
Слайд:
Цхьа а хан билгал ца еш, дуьхьал-д1а дар я хилар гойтуш йолчу хандешан юьхьанцарчу кепах хандешан билгалза кеп олу.
Цо жоп ло: х1ун дан? х1ун хила? бохучу хаттаршна.
Масала: х1ун дан? деша, яздан, аха, лара, хатта, дийца;
х1ун хила? шелъяла, серлаяла, сенъяла, 1аржъяла.
-Хандешан билгалзачу кепан чаккхенахь хуьлу:
Слайд:
-а | -о |
теша | тешо |
1илла | 1илло |
саца | сацо |
лара | ларо |
-Цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан билгалзачу кепан чаккхенга
Слайд:
-н яздо |
лан |
1ан |
дан |
ган |
-Ткъа х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш, вай кхочушдийр ду х1ара т1едахкарш.
1-ра т1едиллар.
-Хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.
Слайд:
Лору, хоржу, оху, вог1у, воду, вуьжу, вуьгу, доьшу, ловзу,
гойту, дуьйцу, 1уьллу.
Слайд:
Нийса иштта хила деза.
Лору-лара, хоржу-харжа, оху-аха, вог1у-ваха, воду-вада, вуьжу-вижа, вуьгу-вига, доьшу-деша, ловзу-ловза, гойту-гайта, дуьйцу-дийца, 1уьллу-1илла.
2-г1а т1едиллар. Схьалаха билгалзачу кепехь цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандешнаш.
Слайд:
лоь |
го |
юу |
оху |
йо |
олу |
вог1у |
Слайд:
Нийса иштта хила деза.
йо-ян |
вог1у- ван ван |
го-ган |
лоь-лен |
Вайна девзи билгалзачу кепан хандешнаш, хии цара хенашца гергарло лелош ца— хилар, цара дуьххьал—д1а г1уллакхан дар хилар гойтуш хилар.
Цу т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу.
1одика йойла шу! Марша 1ойла!