4 класс. Урок №25 «Масаллин а, рогIаллин а терахьдешнаш».

Маршалла ду шуьга, хьомедешархой!

Вай  тахана  юха а  вовшах  кхийти   нохчийн  меттан  рог1ерчу   урокехь.

  — Д1аяханчу  урокехь вайна  девзира  терахьдош. Вайна  хиира  терахьдош  иза х1уманийн  масалла я рог1алла гойтуш долу къамелан  дакъа  хилар. Ткъа тахана вай  дуьйцур ду масаллин а, рог1аллин а терахьдешнех  лаьцна.

Слайд:

Маса, мел ю аса дуьйцу

Эшахь, гойту рог1алла.

Хьем ца беш, ахь  ала  дош,

Вай  дуьйцург  ду… 

                                           (терахьдош)

-Терахьдешнаш  хуьлу  масаллин а,рог1аллин а. Масаллин терахьдешнаша  х1уманийн  масалла  гойту. Цара  маса? бохучу хаттарна  жоп ло: шиъ ,кхоъ, пхиъ, итт.

-Масаллин  терахьдешнаш  шаьш   масалла  гойтуш  долчу  ц1ердешнашца  цхьаьна лела.  

Масала:

Слайд:

Йиъ  йо1, ялх  к1ант,итт шо,ворх1 бутт.

-Терахьдешнашца  лелаш  долу   дерриге  а  ц1ердешнаш  цхьаллин терахьехь, ц1ерниг дожарехь лела.

Слайд:

Рог1аллин  терахьдешнаша  х1уманийн  рог1алла  гойту.  Цара масолг1а? бохучу хаттарна жоп  ло:

Слайд:

Шолг1а, кхоалг1а, пхоьалг1а, уьтталг1а.

-Лакхахь  ма-аллара  терахьдош–иза вай  дечу къамелан  цхьа дакъа ду. Цундела, терахьдешнаш  ца хилча  вайн къамел  дуьззина хир дацара я кхеташ хир  дацара.

Слайд:

                        1АЛАМАХ  ЛАЬЦНА  ТИДАМАШ.

Нагахь  май  беттан  4-чу  дийнахь  чайн-бал  заза  даьккхина  елахь, аьхке йовха хир ю.  Май  беттан  21-чу дийнахь  дог1а  дог1уш  делахь, ерриг  аьхке дог1анаш  оьхуш  хир ю . Май беттан  25-чу дийнахь малх  схьакхеташ ц1арул-ц1ен  хилахь , аьхке  йовха яран  билгало  ю. Июнан 1-чу а,

2-чу  а  деношкахь ч1ог1а  дог1а  хилахь,  и  бутт  чекхбаллалц  бовха а, бекъа  а  лаьттар  бу.  Июнан 18-чу дийнахь   къилбседа-малхбузехьара мох хьекхахь, аьхке  йочане  хир  ю.

-Х1окху тексто  гойту  вайна  къамелехь  терахьдешнаш мел мехала  ду.

— Ялийначу текстера терахьдешнаш йозанца д1а а яздина , к1ел сиз хьакхарца  билгалдоккхур  ду  вай.

Слайд:

   — Гергарчу   хьесапехь  иштта  хир  ду  нийса  жоп.

                        1АЛАМАХ  ЛАЬЦНА  ТИДАМАШ.

Нагахь  май  беттан  доьалг1ачу  дийнахь  чайн-бал  заза  даьккхина  елахь, аьхке йовха хир ю.  Май  беттан ткъе  пхоьалг1ачу дийнахь  малх   схьакхеташ ц1арул-ц1ен  хилахь , аьхке  йовха яран  билгало  ю.  Июнан   хьалхарчу а, шолг1ачу  а  деношкахь ч1ог1а  дог1а  хилахь,  и  бутт  чекхбаллалц  бовха а, бекъа  а  лаьттар  бу.  Июнан   берх1итталг1ачу  дийнахь   къилбседа-малхбузехьара  мох  хьекхахь,  аьхке   йочане   хир  ю.

-Х1инца  вай  1амийнарг  т1еч1аг1дарехь  болх  бийр  бу.

-Х1етал – металшкара терахьдешнаш  шайн уьйр йолчу ц1ердешнашца  схьа а яздеш , церан  тайпанаш билгалдахий вай.

Слайд:

Х1етал – металш

Х1етал-метал  хаьийла  шуна:

1уьйранна – беа  кога  т1ехь,  делкъехь – шина кога т1ехь,суьйранна – кхаа кога т1ехь леларг?      (адам).

Цхьана  некъал  дехьий-сехьий  1аш волу, вовшийн  гуш воцу ши ваша?

                                                                                                      (ши б1аьрг).

Цхьана  тхов  к1ел   лаьтта  виъ  ваша?           (стол).

Цхьана  г1айби  т1е вижина 1уьллу пхи  ваша?       (куьг).

— Таллам бе.

Слайд:

Беа кога, шина кога,  кхаа кога,  ши  ваша, виъ ваша, ю пхи ваша.

Ребусаш  йиэ  

3р;             2т1;             6 ой;         Е3;               1лго;

(кхор),      (ши т1а),   (ялхой),     екхоъ),      (цхьалго).

Тахана  вай  масаллин а, рог1аллин а  терахьдешнаш  1амий.

Суна  аша  х1окху  уроках  пайдаэцна  хир бу аьлла  хета.

Дала нохчийн  мотт  безарехь, 1аморехь  сов  дохийла вай!

Ц1ахь х1окху хаттаршна  жоьпаш д1аязде.

 1.Хьан  маса шо ду?

2.Хьо  муьлхачу  классехь  доьшуш  ву?

3.Шун   классехь  масса  дешархо  ву?

4.Маса  йо1 ю  шун   классехь?

5.Маса  к1ант  ву  шун  классехь?

Цу т1ехь вайн урок чекхъели. 1о дикайойла! Марша 1ойла!

Пайдаэцна  литература:  СолтахановЭ.Х,СолтахановИ.Э.,ЭдиловС.Э.«Нохчийн  мотт-4 класс» Соьлжа-Г1ала   АО«ИПК» «Грозненский  рабочий»-2016ш.

Эдилов С.Э.  «Самукъане  грамматика»  Соьлжа-Г1ала,  Из-во «Арфа-Пресс» 2012г.

Автор: Мусаев  Хамзат Ахмедович  МБОУ «СОШ №27»г.Грозный.

Тесты

Х1ун  гойту терахьдашо:

1.Х1ума

2.Масалла+

3.Х1уманан  билгало

4. Дар я хилар.

Close
Яндекс.Метрика