4 класс. Урок №9 «Къасторан ь, ъ хьаьркаш».

Урокан цIе: «Къасторан ь, ъ хьаьркаш»

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

Слайд:

ХIетал-метал хаьийла шуна:

ДIахаалаш и хьаьркаш

массарна а евзаш ю.

Цара коьрта гIуллакх до,

Мукъаза а мукъа аьзнаш

Вовшех уьш ца эдалийта,

Церан маьIна ца талхийта,

Говза гIуллакх лелош ю,

Церан меттиг билгал ю.

— Стенах лаьцна ю байт? (Къасторан хьаьркех).

— Тахана  вай  дуьйцур  ду къасторан хьаьркех  лаьцна. Iемар ду къасторан  хьаьркаш дешнашкахь язъян а, церан меттиг дашехь йовза а.

Слайд:

Нагахь санна рогIера дешдакъа е-ца, я-ца, яь-ца, юь-ца дIадолалуш хилахь, хьалхарчу мукъазчу элпах уьш къастадо – ъ- ца,ткъа к элпах уьш къастадо ь (кIедачу хьаьркаца).

Слайд:

Мацъелла

Галъяьлла

Разъяьлла

Цецъюьйлу

К— на тIехьа къасторан кIеда хьаьрк яздо.

Слайд:

Шекьяла

Шекьели

Шекьяьлла

Шекьюьйлу.

— Цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай. ХIокху дешнашкахь оьшуш долу элп яздеш.

Слайд:

Ирх…яхана

Маж…елла

Нис…елла

ЗIок…етта

Шок…етта,

Чекх…яьлла

Шек…яьлла

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд:

Ирхъяхана

Мажъелла

Нисъелла

ЗIокьетта

Шокьетта

Чекхъяьлла

Шекьяьлла

— ТIадамийн метта оьшуш долу хьаьрк дилла, цул тIаьхьа декъа уьш шина бIогIамалге.

Слайд:

Мац…елла, йиц…елла, шек…яьлла, тIех…яьлла, макх…елла, хIаллак…хилла, ал…бом, хаз…елла, кIад…елла, Залпа…, Бекхан, дар…елла, Iайна…, хаз…елла.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд:

Мацъелла                                      Альбом

Йицъелла                                      Шекьяьлла

ТIехъяьлла                                               ХIаллакьхилла

Макхъелла

Хазъелла

КIадъелла

Залпаъ

Даръелла

Iайнаъ

Хазъелла

— Тахана вай дийци къасторан хьаьркех лаьцна. Iемий къасторан хьаьркаш дешнашкахь язъян а, церан меттиг дашехь йовза а.

— Кху тIехь вай ерзор ю вешан рогIера урок.

— Iодика йойла! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика