4 класс. Урок №8 «Чолхе дешнаш».

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Вай дIахьур ю вешан нохчий меттан урок.

ХIокху урокехь вай дуьйцур ду чолхечу дешнех лаьцна.

— Шуна Iемар ду чолхе дешнаш талла, церан ши  орам каро , билгалбаккха. Хуур ду чолхе дешнаш предложенешкахь каро а, билгалдаха а.

-ДIадеша дешнаш. Шишша дош вовшах а тухуш керла дешнаш кхолла.

Слайд:

Чолхечу дешнийн тидам бар:

Дог + цIена ДогцIена
ХIу + таса Хутосург
ЧIерий + леца ЧIерийлецархо
Хаза + хетта Хазахетар
Зуда + бер Зудабер
Хьелий + оза Хьелийозархо

-ШолгIачу бIогIамалгара  дешнаш чолхе  ду, хIунда аьлча, уьш кхолладелла шина дашах.  Ши орам болчу дешнех чолхе дешнаш олу.

-Терахьдешнаш а хила тарло чолхе:

Слайд:

Масала:

Цхьаъ + итт — цхьайтта

Шиъ + итт — шийтта

Кхоъ + итт — кхойтта

Диъ + итт — дейтта

Пхиъ + итт — пхийтта

-РогIера тIедиллар кхочушдийр ду вай:

-ДIаязде чолхе дешнаш. Гайта церан орам.

Слайд:

Хидуьллург, шекъадуттург, шекардуьллург, йолхьокхург, тIобоккхург, иллиалархо хIурдкема.

Керла цхьа маьIна а долуш, кхолладелла чолхе дешнаш цхьаьна яздо, цхьаьнакхеттачу дакъойн цхьа цIе, цхьа кхетам, цхьана хIуманан цIе кхоллалуш хиларна.

Слайд:

Масала: ЦIоькъа + лом – (цIоькъа –къорза бохург ду), цIоькъалом-тигр.

Боча + бIар — (боча – кIеда бохург ду), бочабIар-грецкий орех.

Слайд:

-Iамийнарг тIечIагIдеш, кхочушдийр ду хIара тIедиллар.

-ДIаеша предложенеш, чолхе дешнаш билгалдаха.

Слайд:

         Совхозо керла гIирсаш эцна. Царна юккъехь ю хIутосург а, йолхьокхург а. Хьелиозархоша а эцна шура йоккху аппараташ. Юьртан бахамехь берриге а белхаш тIаьхь-тIаьхьа механизмаша дIалоцуш бу.

         Божаберашший, зудаберашший хьуьнха экскурсе дахара. ЦIазамаш дохуш, зезагаш дохуш сакъийрира цара цигахь. Шерачу ара кхаьчча, дуккха а олхазарш гира берашна. Царна гира байлехьориг а, чIерийдохург а.  

Слайд  нийса иштта хир ду:

ХIутосург, йолхьокхург, хьелиозархоша, божаберашший, зудаберашший,   сакъийрира,   байлехьориг,   чIерийдохург. 

-ХIоранна уллохь, и дош муьлхачу дешнех кхолладелла билгал а доккхуш, дIаязде дешнаш:

Слайд:

Бешлелорхо –

БIаьргнегIар –

БIаьрса –

БIаьрхи –

ГIашсалт –

Дечигпхьар –

Слайд: Нийса жоп иштта хир ду:

Бешлелорхо – беш+лело

БIаьргнегIар – бIаьрг + негIар

БIаьрса – бIаьрг+са

БIаьрхи – бIаьрг + хи

ГIашсалт – гIаш+салти

Дечигпхьар – дечиган+пхьар

-Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

-Iодика йойла шун, марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика