4 класс. Урок №7 «Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элп».

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Вай дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок

Вай  дуьйцур ду дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздарх лаьцна .

Слайд:

Буьйцуш берг бу нохчийн мотт,

Ахь дIаяккха лерган … (потт)

-Мотт, потт-дешнашкахь (тт) шала элпаш ду.

Шала бохург – цхьатерра долу  мукъаза элпаш юх-юххе нисдалар ду. Оьрсийн маттахь аьлча удвоенные.

-Цхьадолчу дешан чаккхенга цIерниг дожарехь шала мукъаза элпаш яздо, нагахь дош хийцича мукъачу элпана хьалха уьш хазахь.

Слайд

Мотт – матто, меттанаш (д.т.)

Исс – иссамма, иссаннаш (д.т.)

Итт – иттаммо, иттаннаш (д.т.)

Класс — классо, классаш (д.т.)

Дитт — дитто, дитташ (д.т.)

-Цхьадолчу дешан чаккхенга цIерниг дожарехь шала мукъаза элпаш  ца яздо, нагахь дош хийцича мукъачу элпана хьалха уьш ца хазахь.

Бос – басо, беснаш (д.т.)

Бат – бето, батош (д.т.)

Мел – мело, мелаш (д.т.)

Мас – месо, месаш (д.т.)

Тас – тесо, тесаш (д.т.)

ХIинца шу коьчалх муха кхетта хьовсуш,тIедахкарш кхочушдийр ду вай.

Слайд

ТIадамийн метта оьшу элпаш а дохкуш, схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш.

ДIавуьжу мот …, кIайн бос …, йоккха клас …, йоьза тас …, лекха дит …, можа бут …, ит … дешархо.

Слайд (Нийса жоп иштта хир ду)

ДIавуьжу мотт, кIайн бос, йоккха класс, йоьза тас, лекха дитт, можа бутт, итт дешархо.

-Муьлхачу дешнийн чаккхенга шала мукъаза элпаш ца яздина аш?

 Шаьш жоп луш пайдаэца кху лахарчу дагалацамах:

Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздо, нагахь дош хийцича, мукъачу элпана хьалха уьш хазахь. Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш ца яздо, нагахь дош хийцича, уьш ца хазахь

Слайд:

Бал …? (л я лл)

-Цхьадолчу дешнийн нийсаяздар предложенехь цо лелочу маьIне хьаьжжина бен билгал ца долу.  Иштта ду балл (вишня), бал (хелхаран) боху дешнаш.

Анзора дитта тIера цIен балл яьккхира.

Тойнехь хелхаран бал баьккхира Султана.

Дешнийн орамехь а шала мукъаза элпаш яздо, и дош олуш аз шалха хезаш делахь.

Слайд:

Масала: илли, таллархо, иччархо, даьтта, латта, гIиллакх, баппа.

Кхочушдийр ду  вай кхин а цхьа  тIедиллар.

Слайд.

ДIаязде кицанаш. Билгалдаха шала элпаш долу дешнаш.

Аьхка цхьа де дайинарг Iай итт дийнахь меца лелла.

Буьйса яьккхинчу хударо мотт Iамийна.

ДогIа ца дилхича, хатт балац, йиш ца лекхча, хелха валац.

Генара доттагIа – йоьгIна гIала.

Литта тIе маккхал хиъча, гуьйре йоларан билгало ю.

ГIиллакхца бен къонаха хилла вац.

Нийса жоп : итт, мотт, хатт, доттагIа, литта, гIиллкхца.

Кицанашна юкъарчу халачу дешнашна кхетам лур бу вай.

Дешнаш тIехь болх:

Литта – 1) копна (сена); 2) цедить, процеживать.

Маккхал – коршун.

Баппа – одуванчик.

Иччархо – снайпер.

Тахана вайна девзи шала элпаш а ,уьш нийсаяздар.

Хьоме бераш! Шун  Iодика йойла, дахаран бехачу новкъахь ирс, аьтту хуьлийла шун. Дешаран арен тIехь кхиамаш совбохийла аша даима.

 Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун, марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика