4 класс. Урок №5 «Дешан хIоттам. Суффикс. Дешхьалхе».

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Вай урокан цlе ю: Дешан хlоттам. Суффикс. Дешхьалхе.

Хlокху урокехь шуна lемар ду дешнашкахь суффиксаш, дешхьалхенаш каро а, уьш билгалъяха а. Хуур ду суффиксийн, дешхьалхенийн гlоьнца керла дешнаш кхолла а.

Слайд

— Хlетал-метал хаьийла шуна:

Орамна со тlехьа лаьтта,

Дашна керла маьlна ло.

Цуьнца даим цхьаьна язйо

Хlун дешдакъа хир ду со?

— Хlун ю иза? (Суффикс).

— Шен муьлха билгалонаш йийци цо вайна? (Орамна тlехьа лаьтта, дашна керла маьlна ло).

Слайд

Орамна со хьалха лаьтта,

Дашна керла маьlна ло,

Цуьнца даим цхьаьна язйо,

Хlун дешдакъа хир ду со?

— Хlун ю иза? (Дешхьалхе).

— Шен муьлха билгалонаш йийци цо вайна? (Орамна хьалха лаьтта, дашна керла маьlна ло).

Туьйра «Дош».

Дош чохь са долуш хlума ю. Цо дегабаам бо, оьгlаздоьду, самукъадолий хьийза и, адам санна. Оьшуш меттиг еъча шен амал а, юьхь-сибат а хуьйцу дашо. Цуьнан дог а ду –орам.

Дешан корта иза дешхьалхе ю. Гуттара а ойла еш ю иза, дешан маьlна дика довзийтарехь, гlо муха дийр дара те ша, бохуш. Хала ду орамна дешхьалхе йоцуш.

Хьовсал шу, ваха, веа мича? — Хlунда?

Хьажал хьайна хаьий? Ткъа царна тlе дешхьалхе тоьхча, деригге а бохург санна кхеташ ду: дlаваха, схьавеа, хьалаваха, охьаваха, дlавеа, тlевеа, хьалавеа, охьавеа.

— Иштта хуьлу шуна дош корта болуш хилча!

Ткъа суффикс – уьш куьйгаш ду.

Хlаъ, белхан дашо куьйгаш. Суффиксо деш дукха гlуллакхаш ду. Барам хуьйцу,

масала, боккха бlал, суффикс – иг тlетоьхча жимло, цунах хуьлу цхьа жима бlелиг. Доккха цlа ду, цунна тlе суффикс – иг тоьхча, хили жима цlелиг.

Цо-м гlаланах стаг ван тарло. Хьанна хуур дара гlаланах стаг ван суффиксан гlоьнца?

Гlала – гlалахо, Шела – шелахо, Ведана – веданхо, Тевзана – Тевзанхо.

Гой шуна, мел доккха хlума ду! Тlехьаьжча ши-кхо элп бен дац и суффикс, амма инзаре даккхий гlуллакхаш до шена лиъча.

Слайд:

Цхьанаораман дешнаш а кхоллий, дlаязде. Билгалде къамелан дакъош.

  1. Суффиксийн –р, -хо гlоьнца х1окху дешнех: талла, яздан, хьеха.
  2. Суффиксан –лла гlоьнца хlокху дешнех: къона, ваша, майра.
  3. Маьlница йогlучу дешхьалхенашца (чу-, ара-, хьала-, охьа-) хlокху дешнех: вогlу, йоккху, оьцу, юьллу.

—Нийса жоп иштта хир ду

Слайд  }

Талла – талла-р-хо (цlердош), яздан – язда-р-хо (ц1ердош), хьеха – хьеха-р-хо (ц1ердош).

Къона – къоналла (ц1ердош), дика – дикалла (ц1ердош), майра – майралла (ц1ердош).

Вог1у – чувог1у (хандош), йоккху – арайоккху (хандош), оьцу – хьалаоьцу (хандош), юьллу – охьаюьллу (хандош).

Муьлхачу дешдакъойн г1оьнца кхолладелла х1ара дешнаш аьлча, нийса жоп кху кепара хир ду.

— Хlара дешнаш кхолладелла суффиксан а, дешхьалхенан а гlоьнца.

Дашехь муьлхачу меттехь лаьтташ хуьлу суффикс а, дешхьалхе а. Тидам бе.

Слайд

(Дешхьалхе, суффикс таллар.)

Язда-р-хо, хьеха-р-хо, майра-лла, къона-лла, воша-лла.

Чу-юьллу, ара-йоккху, хьала-уллу, д1а-воду, схьа-оьцу.

— Х1ун ду цу шиннан цхьатера? (Керла дешнаш кхуллу цу шиммо. Ши дешдакъа ду).

— Х1ун ду уьш къастош дерг? (Дешхьалхе орамна хьалха лаьтта, суффикс – орамна т1ехьа).

— lамийнарг тlечlагlдеш, вай кхочушдийр ду хlокху кепара тlедиллар:

Слайд

Хlокху дешнех суффиксийн гlоьнца керла дешнаш а кхуллуш, дlаязде хlокху рогlаллехь:

Майра, дика, сутара, оьгIазе, сонта, вон, догцlена, осала, къиза, стешха, комаьрша.

1) адаман дика амалш;

2) адаман вон амалш;

—Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд

  1. Адаман дика амалш: майралла, дикалла, догцlеналла, комаьршалла.
  2. Адаман вон амалш: сутаралла, оьгlазалла, сонталла, волла, осалалла, къизалла, стешхалла.

— Хlинца дешнаш тlехь болх бийр бу вай.

Слайд

Сутара – жадный; скупой;

Сонта – глупый, бестолковый;

Догцlена – чистосердечный;

Осала – трусливый, мелочный;

Къиза – безжалостный, жестокий;

Стешха – боязливый, трусливый;

Комаьрша – щедрый.

Диц ма де кица: Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц.

Кху тlехь вайн урок чекхйолу. lодика йойла шун, марша lойла.

Close
Яндекс.Метрика