4 класс. Урок №4 «Дешан чаккхе».

Маршалла ду шуьга! Дlахьур ю вай — вешан рогlера урок. Вайн урокан цlе ю «Дешан чаккхе».

Хlокху урокехь дешан хийцалуш долу дакъа чаккхе йовзуьйтур ю вай шуна. Чаккхено лелош долу гlуллакх довзийтар (Предложенехь дешнашна юккъахь уьйр латтайо). Хуур ду чаккхе хlун ю, цо хlун гlуллакх леладо.

Бераш, карладаккхий вай кхоалгlачу классехь lамийнарг?

Дагадогlий шуна, чаккхенах,орамах а, суффиксах а лаьцна вай lамийнарг?

— Муьлха дакъош дара дешан? Муьлханиг lамор дув ай тахана?     (Чаккхе).

Дешан хийцалуш долчу декъах чаккхе олу. Цо дешнашна юкъара уьйр гойту. Масала: кор — коре, корана, кораца, бер — беро, бераца, берана.

-Бераш, Чlирдига язйина предложенеш. Иза жимма гlалатваьлла. Вай гlо дан деза цунна уьш нисъян.

Слайд:

Тхан юьртахь йоккха клуб ю.

Суьйранна юьртахой клуб садаlа боьлху.

Клуб кораш даккхий ду.

Клуб суьйранна самукъане хуьлу.

-Дlаеша текст. Нийса юй иза?

-Яц. Хlунда аьлча, дешнашна юкъахь уьйр яц.

 И уьйр билгалъяккха вай хlун дан деза, аьлла хета шуна?

Вай хаттар а хlоттош нийса доцчу дашна, дош билгал а деш, хьовсий хlун нисло?

Слайд:

-Дlаеша хьалхара предложени.

-Хlун ю юьртахь? (Клуб).

— Стенга садаlа боьлху юьртахой? (Клубе).

 — Стенан кораш ду даккхий? (Клубан) (-ан).

— Мичахь хуьлу самукъане? (Клубехь) (ехь).

— Муьлха дакъа хийцадели вайн?

— Дlаеша текст юха.

Слайд:

Тхан юьртахь йоккха клуб ю.

 Суьйранна юьртахой клубе садаlа боьлху.

Клубан кораш даккхий ду.

Клубехь суьйранна самукъане хуьлу.

Дешан муьлхачу декъо гlо ди вайна, дешнашна юккъе уьйр таса?

— Чаккхенаша (-е,-ан,-ехь).

Чаккхено предложенехь дешнашна юккъе уьйр тосу.

 Иза дешан хийцалуш долу дакъа ду.

— Хlинца легор ду вай цlердешнаш.

Слайд:

Цl. шовда синтар   стом

Дл. шовданан синтаран стоьман

Л. шовданна синтарна стоьмана

Др. шовдано синтаро стоьмо

К. шовданца синтарца стоьмаца

Х. шовданах синтарх стоьмах

М. шовдане синтаре стоьме

Дс. шовданал синтарал стоьмал

Вай кхочушбинчу балхехь хlун билгалдели вайна?

Дешан маьlна хийцало я цуьнан кеп ю хийцалуш ерг?

Дешан хийцаделла дакъа — иза чаккхе ю.

Чаккхе хийцаяларх дешан маьlна ца хийцало, хийцалуш ерг дешан кеп ю.

Дlаязде дешнаш. Билгалъяха чаккхенаш.

Слайд:

Юрт – юьрта – юьртан

дахар – дахаре – дахаран – дахарна

зезаг – зезагна – зезаге

ишкол – ишколан – ишколе

бахам – бахаме

ирс – ирсе

Хlетал-метал хаьийла шуна:

Дешнашкахь со йолуш ю,

Со саккхенгах хуьлуш ю,

Нанна дукха езаш ю.

Дешнашкахь ас барт ма бо,

Царна юккъехь уьйр тосу.

Бераш йовза, бераш еза

Юьйцуш ериг ….(чаккхе )ю.

Дешнийн дошам:

Ирс- счастье, юрт-село,

дахар- жизнь, бахам- богатство .

Ненан маттахь, керланиг довза а, цунах пайдаэца Дала аьтту бойла шун!

lодика йойла, марша lолда шу!

Close
Яндекс.Метрика