Урок 8. Шина я масех т1етухучу предложенешца чолхе-карара предложенеш.

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, шина я масех т1етухучу предложенешца йолчу чолхе-карара предложенех лаьцна.
Цхьаннал сов т1етуху предложенеш юкъайог1учу чолхечу предложених масех т1етухучуьнца йолу чолхе-карара предложени олу. Масала:
Тамарина хиира, Луиза ч1ог1а догц1ена стаг юй а, ша экзаменаш дика д1а мел ели, цунна иза 1аламат хазахетар дуй а.
Предложени чолхе ю. Тамарина хиира — коьрта предложени ю
Луиза ч1ог1а догц1ена стаг юй а, ша экзаменаш дика д1а мел ели, цунна иза 1аламат хазахетар дуй а — кхачаман т1етуху предложени ю;
мел – хуттурган дош.
-Чолхе-карарчу предложенешкахь т1етуху предложенеш тайп-тайпана хуьлу:
1) цхьанакарара,
2) цхьанатайпанара,
3) цхьанатайпанара йоцу,
4) хьалха-т1аьхьаллин карара,
5) ийна
-Цхьана коьртачу предложених йозуш йолчу т1етухучу предложенех цхьанакарара т1етуху предложенеш олу, уьш шина кепара ю:
цхьаьанатайпанара т1етухурш
цхьаьнатайпанара йоцу т1етухурш
Коьртачу предложенин цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а йолчу т1етухучу предложенех  цхьанатайпанара т1етуху предложенеш олу.
Масала:
Нагахь хьо юьрта вог1ий, хьуна цигарчу 1аламе б1аьрг тоха лаьий, вай лаьмнашка г1ур ду. (цхьаьнатайпанара т1етуху предложени ю)
-Кхузахь ший а т1етуху предложени коьртачу предложенин г1ур ду бохучу сказуемих йозуш а, мича бехкамца? бохучу цхьана хаттарна жоп луш а, ший а бехкаман а йолуш, цхьанатайпанара ю.
Коьртачу предложенин цхьана дашах йозуш, тайп-тайпанчу хаттаршна жоп луш а, тайп- тайпанчу дешнех йозуш а йолчу т1етухучу предложенех цхьанатайпанара йоцу т1етуху предложенеш олу.
Масала:
Децас вайшинга йола  аьлча а, нанна вайшиъ яха лууш ца хуьлий, вайшиъ  г1ур яц. (цхьанатайпанара йоцу т1етуху предложени ю)
Тхан дас тхуна хьехамаш бора,  дитташ д1а муха ден деза а, церан дола деш мел къахьега деза а. (хьалха- т1аьхьаллин карара т1етуху предложени)
Суо отпускехь йоллушехь, болх сихха чекхбаккха беза аьлла, со сада1а ца яхара, ткъа Хьава, шен балха ян йиш яц аьлла, х1орда т1е яхара я х1умма а балхана саготта а ца хилира. (ийна чолхе)
-1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса вай, т1етухучу предложенийн кепаш билгал а йохуш, коьртачу  предложенина буха сиз а хьокхуш.
Тахана  шайна  Султан гахь, цунна хаийтийша, со сарахь цаьрга вог1ур вуй. (цхьанатайпанара йоцу т1етуху предложени)
Йоккха стаг ойланашка яхча, цхьацца хилларш- лелларш дагалеца иза йоьлча, цуьнан б1аьргаш хих дузура.( цхьанатайпанара т1етуху предложени)
Суна дика дагадог1у, аьхка дешархоша садо1учу лагере тхаьш муха дахара а, цигара накъостий тхаьшна дуьхьал муха баьхкира а, тхаьшна цара хьошалла муха дира а.  (цхьанатайпанара т1етуху предложени)
-Х1окху урокехь вай дийцира  шина я масех т1етухучу предложенешца йолчу чолхе-карарчу  предложенех лаьцна а, иштта евзи  цхьанатайпанара а, цхьнатайпанара йоцу а т1етуху предложенеш.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу , шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика