Урок 17 Ц1ерметдешнаш, церан легар, нийсаяздар

Таханлера вайн урок д1айолор ю вай  синквейн мог1анашца.
Г1иллакх
— Муха ду г1иллакх?
— Оьзда, хаза
— Х1ун до г1иллакхо?
— Лакха воккху, вазво, хазво
— Х1ун боху вайга г1иллакхо?
— Дуьненчуьра дан йиш яц г1иллакх
 -Синоним  ялор ю вай г1иллакх бохучу дашна- оьздангалла.
-Х1инца,  билгйинчу теманах лаьцна дуьйцур ду вай:
Ц1ердешан,билгалдешан, терахьдешан метта лелачу дешнех ц1ерметдешнаш олу.
Масала:
Делкъал т1аьхьа схьакхечира Веданара  хьеший.
Цара дуьйцура шайн 1ер- дахарх лаьцна.
Пет1амата тахана к1айн коч юьйхинера.
Иштта коч Жоврета а ю.
Заринин итт шо ду. Оццул хан ю Эсилин а.
Оцу предложенешкахь ц1ерметдешнаш ду:
Цара, шайн, иштта, оццул.
-Оьрсийн маттахь цунах местоимени олу.
-Местоимение – это часть речи, которая указывает на предметы, признаки и количества, но не называет их.
-Х1инца далор вай нохчийн фольклора юкъара ц1ерметдешнаш  шайца долу мог1анаш.
-Шу марша дог1ийла,х1ай юьртан тхьамданаш!
Шу лаа леларий, шу тара  леларий?
-Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела
Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима ва Сурхо.
Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо,-олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш.
-Шайн маь1нашка хьажжина ц1ерметдешнаш тайпашка декъало:
1) Яххьийн ц1ерметдешнаш: со, тхо, хьо, шу, уьш.
2) Дерзоран ц1ерметдешнаш: СУО, СО-СУО, ШУ-ШАЬШ.
3) Доладерзоран ц1ерметдешнаш: САН, ЦЕРАН, ХЬАН, ШУН.
4) Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш: САН-САЙН, ТХАН-ТХАЙН, церан-шайн.
5) Гайтаран ц1ерметдешнаш: Х1АРА, Д1ОРА, ЦИГАРА, КХУЗАРА.
6) Къастаман ц1ерметдешнаш: Х1АРРА , ИЗЗА, МУЬЛХХА А.
7) Къастамза ц1ерметдешнаш: ХЬЕНЕХ, МИНЕХ, МАСЕХ, ЦХЬАВЕРГ.
8) Дацаран ц1ерметдешнаш: Х1УММА А, ЦХЬА А, АДДАМ А.
9) Хаттаран ц1ерметдешнаш: МЕЛ, МАСА, Х1УН.
10) Юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш: Х1УН, МИЛА, ХЬЕНАН.
 — Яххьийн ц1ерметдешнаш кхаа юьхье декъало:
1) хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш ду: со, тхо, вай, вайша, тхойша.
2) шолг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду: ду, хьо, шу.
3) кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду: и, иза, уьш.
-Яххьийн ц1ерметдешнаш дерзоран ц1ерметдешнаш хуьлу, дош карладоккхуш, уьш дефисца яздо.
Цхьаллин терахьехь:
1-ра юьхь: со, со-суо.
2-г1а юьхь: хьо, хьо-хьуо.
3-г1а юьхь: и, иза, ша
Дукхаллин терахьехь
1-ра юьхь: тхо, тхо-тхаьш.
2-г1а юьхь: шу, шу-шаьш.
3-г1а юьхь: уьш, уьш-шаьаш.
-Х1инца вай цхьана легор ду  — вай — боху ц1ерметдош.
Ц1ерниг              вай
Доланиг              вайн
Лург                    вайна
Дийриг                вай
Коьчалниг          вайца  
Хотталург           вайх      
Меттигниг           вайга
Дустург               вайл
— Х1инца кицанаш д1адоьшур  ду вай, ткъа аша цу юккъехь долу ц1ерметдешнаш муьлхачу тайпана ду а, церан терахь а, дожар а билгалдийр ду.
Нехан махкахь эла  хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. (доладерзоран  ц1ерметдош, цхьаллин терахь, доланиг дожар)
Хьайга далург нахе де ма ала. (яххьийн ц1ерметдош, цхьаллин терахь, меттигниг дожар) 
Хьан дош –дош дацахь, дуй-дуй бац. (доладерзоран ц1ерметдош, цхьаллин терахь, доланиг дожар)
-Т1адамийн метта маь1ница дог1у ц1ерметдешнаш а дохкуш, д1аязъян хьовса предложенеш.
1)Имам … накъосташка хьожу. (шен)
2) … бист ца хуьлу. (уьш)
3) Шемал  … дагахьдолчух кхета. (церан)
4) … дагахь нажжаз во … (цара, иза)
5) … ши ц1оцкъам т1етт1а доьду. (цуьнан).
-Х1инца х1окху ц1ерметдешнийн тайпанех нийсаниг къасто деза, доладерзоран ц1ермтдешнаш билгал а дохуш.
1) со, тхо, хьо.
2) со, суо, шу, шу-шаьш.
3) сан, церан, хьан.
4) сан-сайн, тхан-тхайн.
5) х1ара, д1ора, цигара.
-Х1инца вай урок ерзош доьшур  ду шуна Сатуев Хьусейнан  стихотворении юкъара мог1анаш, ц1ерметдешнаш билгал а деш:
Цхьабашха б1ов  х1отто
Сан ойла г1аьттина
Оьмарийн теш хилла
Лам санна латтийта 
Къонахийн дегнех ас
Йотта т1улг баьккхина
Царел кхин ч1ог1аниг
Суна ца карийна. 
1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
Нохчийн мотт 6 класс. Дешаран пособи. Москва «Русское слово» 2014 год. Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М.
Нохчийнмотт (орфографи а, пунктуаци а). 10-11 классаш. Дешаран пособи. Москва «Русское слово» 2014 год. Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н.
Нохчийнметтаннийсаяздарандошам. Грозный книга 1992.Джамалханов З.Д., Алироев И.Ю.
Истории и проблемы формирования чеченского литературного языка. Институт развития образования Чеченской Республики. Грозный 2010 год. Гиреев В.Ю.
Самукъане грамматика. Дешаран пособи.Соьжа-г1ала. Издательство «Арфа-Пресс»2010. Эдилов С.Э.
5-6 классашна нохчийн меттан дидактически материал. Нохч–г1аг1айн книжни издательство. 1984 Я.1.Эсхаджиев, Э.Хь.Солтаханов.

Close
Яндекс.Метрика